Саьлнашкахь Iуьллу Нохчийчоь денъяла йолаеллачу дийнахь дуьйна а, республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас леррина тидам тIе бохуьйтура вайн махкахь дешар, могашаллаIалашъяр, спорт, культура кхиорна. Шеко яц, оцу коьртачу гIуллакхан-дешаран цхьа агIо берийн школал хьалхара дешар хилар. Бераш лардаран Дуьненаюкъара де тIекхочуш тхоьца къамел хилира Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран Комитетан хьаькамца Джунаидов Асламбекан.
– Асламбек, тIом дIабаьлча, Нохчийчохь дукха яцара дийна йисина берийн бошмаш а, школаш а, кхийолу гIишлош а. Оцу декъехь долу гIуллакх тахана муха ду?
– Дуьйцийла йоццуш хала зама яра иза. Делан къинхетамца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркатца, цул тIаьхьа цуьнан кIентан, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан беркатца таро хилира дийна йисина берийн бошмаш салташа дIалаьцначуьра паргIатъяха а, царах алссам пайдаэца а. Цул тIаьхьа хIора а шарахь жимма а дийна йисинарш тоеш, керланиш еш къахьийгира регионан куьйгалло.Тахана школал хьалхарчу дешаран системехь 33 864 берана лерина 270 учреждени ю. Царна чохь 57 118 бер ду. Оцу шина терахьна юккъерчу 23 эзар сов йолчу башхалло гойту и болх дIабирзина цахилар. Цигахь болх беш 4 970 хьехархо а, 6 669 гIуллакххо а ву. Вай билгалъяьхначу учрежденех 226 муниципальни ю. 30 пачхьалкхан учрежденин тергонехь, вовшахъийна «комбинированни» бераш долу меттигаш олу оха царах – заь1ап бераш а, могашаллин таронаш ледара йолу бераш а, могашнаш а цхьаьна хиларна. пачхьалкхан йоцурш 14 ю, амма шайн лицензи а йолуш, пачхьалкханчаьрца нийсса болх бан таро йолуш.
Школал хьалхарчу дешаран декъан тергонехь 22 процент бераш ду, ткъа рогIехь лаьтташ – 21 736.
– ХIун болх бо аш школал хьалхарчу дешаран учрежденеш алсам яха?
– Кху тIаьхьарчу шерашкахь кхочушбина белхаш бийца воьлча, алссам зама оьшур ю вайна. Цундела карарчу шарахь тхаьш дина масех бIаьрла гIуллакх билгалдоккхур ду ас:
– Шелковски районерчу Каргалиновски станицехь берийн бешана лерина латта даларна тIехь къахьегна и гIуллакх кхочушдаделла тхоьга;
– иштта меттигаш ян леринчу кхин шина меттехь – ЧIуьлга-Юьртахь а, Курдюковская станицехь а документаш кечдина оха;
– ворхI объектан лаьттан дакъошна шунаш чекхдаьккхина;
«ФКП Росреестрехь» ворхI объектана кадастрови учет йина;
– технически бакъо елла Нажи-Юьртан районерчу Iаларой-Эвлахь цхьана гIишлонна а, оццу районерчу Балансу юьртахь цхьа объект юхаян а, Замай-Юьртахь цхьана объектана капитальни ремонт ян а;
– Шелковски, Теркан, Нажи-Юьртан, Гуьмсан, Хьалха-Мартан, Соьлжан районашкахь капитальни ремонташ ян еза объекташ теллина.
Карарчу шеран хьалхарчу кварталехь болх бан йолаелла 1160 берана лерина школал хьалхарчу дешаран 9 объект. И бахьана долуш 582 белхан керла меттиг кхоьллина.
Школал хьалхарчу дешаран белхахошна лерина 3 семинар а дIаяьхьна. ДIадаханчу 2014-чу шеран хьалхарчу кварталца дуьстича, 2015-чу шеран оццу хенахь кхочушдина гIуллакхаш алсам ду.
–Кхетош-кхиоран болх муха дIахIоттийна бу школал хьалхарчу дешаран учрежденешкахь?
– Хууш ма-хиллара, бераллин хенахь дуккха а хIуманна тIаьхьакхиа лаам а, дIахьехнарг дIалаца кхетам а тоьа берашна. И бухе диллина оха ерриге а школал хьалхарчу учрежденешкахь бечу кхетош-кхиоран балхана.
Нийса хир ду тхан учрежденешкахь цхьа а деза де оха тидамза ца дуьту аьлча. Царна бечу кечамашкахь гучудовлу берийн хаарш, лаамаш, похIма. И болх беш леррина кхетош-кхиорхой бу. Машаран денна а, Нохчийн меттан денна а лерина даздарш дIадаьхьира оха ерриге а учрежденешкахь. «Эмоциональное благополучение детей в дошкольном учреждении» цIе йолчу темина хьехархошна-психологашна лерина республикански семинар а йира. Цул сов, Ерригроссин корматаллин конкурсан «Шеран кхиорхо» аьлла республикин мур а дIабаьхьна. ТIаьхьарчу хенахь школал хьалхарчу дешаран учрежденийн болх тIехьажийнера бераш лардаран дуьненаюкъарчу денна. Май беттан тIаьхьарчу кIирнах тхан учрежденешкахь оцу дезачу денна лерина гIишлош, керташ кечйина вайн мехкан байракхашца, лозунгашца. «Бералла – хьан кхане, Латта!» цIе йолу тематически занятеш дIаяьхьна. «Марша я хьо, аьхке!» цIе йолу байтийн а, «Берашна машар оьшу» цIе йолу берийн суьртийн а конкурсаш йина. Спортан а, физкультурин а спартакиадаш вовшахтоьхна. Кхетош-кхиоран декъехь тхан учрежденешкахь бечу коьртачу балхах лору оха берашна ислам дин, цуьнан коьрта арканаш хьехар. Леррина и болх беш хьехархой бу тхан. Баккъал а тхан белхан кхиамех хета 4-5-6 шераш долчу бераша ламаз а, Къуръан а Iамор.
–Муьлхарш ю шун коьрта Iалашонаш?
–Уггаре а коьртаниг, Россин Президентан 2012-чу шеран 7-чу майхь арадевллачу №597, №599 Указашца догIуш долуш, школал хьалхарчу дешаран учрежденеш а, цигахь меттигаш а алсамъяхар а, 2016-чу шарахь 3-шарна тIера 7 шарна тIекхаччалц хан йолу бераш цигахь дIатардина хилийтарна аьттонаш кхоллар а ду.
Коьртачех ду, школал хьалхарчу дешаран учрежденийн хьехархойн алапа лакхадаккхар а;
– школал хьалхарчу дешаран учрежденийн балхана керла кепаш (билгалйинчу кIеззигчу ханна бераш Iалашдар) юкъаялор а;
– белхахойн корматалла талларан аттестаци ярца церан белхан хаарш лакхадахар. Къаьсттинчу тидаме эца лерина ю психологийн, логопедийн, дефектологийн корматаллаш.
Республикин школал хьалхарчу дешаран учрежденеша кхиамца дIахьо Федеральни пачхьалкхан коьртачу стандарташца болх бар. Иза методикин лаккхарчу тIегIан тIехь хилийтархьама, оха тхайн балхана юкъаозийна вайн республикин лаккхарчу дешаран учрежденешкара а, Россин кхечу регионашкара а, гIаланашкара а Iилманан школашкара а говзанчаш. Масала, оцу декъехь дина гIуллакх лара мегар ду дIадаханчу шеран гурахь Ставрополан пачхьалкхан хьехархойн институтехь дешна ваьлла вайн 25 махкахо дефектолог а, корматалла лакхаяккхарехь дешна 50 логопед а, иштта, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан «Специальная психология» говзаллехула дешна ваьлла 25 хьехархо а.
Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран Комитетан коьрта декхарш тIехьовсийна ду, ФГОС-н лехамашца нийса а догIуш, вайн бераш кхачам боллуш Iалашдар, Iамор, кхиор.
Оцу гIуллакхана тIехь тхуна хаддаза гIодеш ву Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, школал хьалхарчу дешаран декъехула цуьнан гIоьнча йолу Кадырова Зарган а. Дела реза хуьлда царна. Церан куьйгаллица, гIо-накъосталлица дIахьош ду вайн махкахь школал хьалхарчу дешаран гIишлош яр а, цигахь хьакъдолчу кепара болх дIахIоттор а. Гуш ма-хиллара, кхиамаш мел дукха белахь а, дан дезарг алсам ду.
– Дела реза хуьлда хьуна, Асламбек. Дала аьтто бойла.
Интервью дIаяьхьнарг – Т.САРАЛИЕВА
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо