Россин Федерацин Правительствон 2020-чу шеран оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахьлерчу №402 йолчу «Страховани йина болчу 65 шо а, цул лакхара а хенаш йолчу адамашна нагахь санна карантин а хилла цхьана юкъана балхана пайде цахилар бахьанехь пособи хIотторан а, дIадаларан а балхана пайде цахиларан кехаташ кечдаран Ханна йолу бакъенаш чIагIъяран», Сацамца нийса а догIуш, телеграммица схьадаийтина хиллачу Россин Федерацин Къинхьегаман а, социальни лардаран а министерствон 2020-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнальлерчу №17-1/10/II-5999 магораш тидаме а эцна,
С а ц а м б о:
1. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун 2020-чу шеран бекарг (март) беттан 27-чу дийнахьлерчу «Нохчийн Республикехь COVID-19 коронавирусан ун даржарна дуьхьала тIаьхьататта йиш йоцу гIуллакхаш даран» Указана юкъа (2020-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 7-чу дийнахьлерчу №227 йолуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хийцамаш бина Указ) 1-чу пунктана юкъахь 1.2 подпункт а йина, хийцамаш бан:
1.2. 65 шо а, цул лакхара а хенаш йолчу а, я дIа ца йовлу цамгарш йолчу а адамашна 2020-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 21-чу дийнахь дуьйна 2021-чу шеран кхолламан (январь) беттан 17-чу дийне кхаччалц шаьш шайна лардар тIедожор, нагахь санна медицинин гIо эшна, я кхидолчу дахарца а, могашаллица а доьзна кхерам тIехIоттар ца хиллехь.
65 шо а, кхин лакхара хенаш йолчу а бахархойн санитарин-эпидемиологин кхачояр лардаран хьокъехь доза тохаран хIара хенаш билгалъяхар:
2020-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 21-чу дийнахь дуьйна 2021-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийне кхаччалц;
2021-чу шеран кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь дуьйна 17-чу дийне кхаччалц.
Белхан меттигехь шаьш хилар мехала долчу Iедалан органийн, предприятийн, организацийн, учрежденийн куьйгалхойх а, белхахойх а, могашаллаIалашъяран белхахойх а хьакхалуш дац буьззинчу барамехь шаьш шайна лардар.».
2. ХIара Указ кхочушдарна тIехьажар (контроль) сайна тIехь дуьту.
3. Указ бакъене доьрзу куьг яздинчу дийнахь дуьйна, официальни зорбане даккха дезаш а ду.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан