Юха а «Эхо», хIинца Белковский

Шен «къаьсттина хьежамаш» хиларца билгалйолуш ю «Эхо Москвы» радиостанци. Цуьнан журналисташна дика карайирзина пайда боццу хIума чIогIа дестийна, пийлан барамашка даккхаран а, дийнна юкъараллина мехала долу гIуллакхаш бехдина, девзар доцчу хьоле дерзоран а кепаш. Аьлча а, шуьйра пайдаоьцу «маьршачу зорбанна» луш йолчу яккхийчу таронех. Цхьа а хIума а хьесапе оьцуш дац – стагана Iовжам хирг хилар, шайн «турпалхо» емалвеш хилар, юкъараллин ламасташца догIуш цахилар. Коьртаниг «бакъдерг» шега ладугIуш болчаьрга «шен хеннахь» дIакхачо таро хилар лору цара.

Бакъдерш оьший? Уьш мел оьшу а долуш ду. Церан могIарехь ю радиостанцин эфирехь Журавлева Ольгас вевзаш волчу политологаца Белковскийца дукха хан йоццуш дIаяьхьна «Къаьсттина хетарг» аьлла передача. Ларамаза дац ас «вевзаш волчу» алар. Шуьйрачу юкъараллина дика вевза Белковский шен даьссачу хабаршца, питанаш тийса гIертарца, къаьмнийн юкъаметтигаш талхорна тIехьажийна гIуллакхаш дарца, «бахарий, эларий» боху эладитанаш даржорца. Ша дIалелхошшехь, дIабаха ца туьгуш, тIехула хьийза моза санна юкъагIерта Белковский вайн дахарна, довзуьйту шен магораш, декхарш хIиттадо вайн пачхьалкхан куьйгаллина хьалха. Цуьнан коьрто тIе ца лоцу шена хетарш нахана оьшуш цахилар, муьлххачу а хиламан ша хадийна мах цхьанна а оьшуш цахилар. Амма ша дуьйцучух эзарнах цхьаъ тешча а тоам бечух тера ду цо. Цундела муьлххачу а таронах пайдаоьцу хIора дийнахь шен кийрахь тIеттIа IаьIаш долу дIовш адамийн кхетамна тIедоттархьама.

Хьовсур вай стенах лаьцна дара эфирехь хилла къамел? Цхьана а кепара чулацам болуш дац иза. Шина дашца – даьсса хабар. Россера дIаваха таро цахилар, Хоттабыч а, цуьнан стогар а, Iамарке дIавахана Сонин Константин а. Оцу чалхашна юккъехула журналиста цIеххьана хоьтту «политологе» герггарчу хенахь Россехь дукха зударий балоран гIуллакх бакъоне дерзорах лаьцна. Белковскийна хетарехь, дуьцийла йоццуш иза бакъоне дерзо деза Къилбаседа Кавказан ислам-дин лелочу регионашкахь, Нохчийчохь. Иштта сацам хиллачул тIаьхьа хьем ца беш Россин Федерацех дIакъасто а. ШайтIа долчу дIахьовсо… Иза дархьама Конституци тIехь хийцамаш бар а тардолуьйту цо.

Къамел оцу хорша дерзоран бахьанех кхета Кадыровс ша ницкъ болуш хилар хIунда гойту, аьлла динчу хаттарна делла жоп дешча: нохчийн гIиллакхашца догIуш ду иза, шега дерриге а далург хилар дIагайта декхарийлахь ву нохчи, цуьнан коьрта декхар ду, цо иза дан а до.

Ткъа Белковскийна муха хуьлийла лаьара нохчий а, халкъан куьйгалхо а? Дика хир дара цо оцу декъехь халкъан башха истори карлаяьккхича, нохчийн доьналлех, шайн маршонан дуьхьа синош дIадала а уьш кийча хиларх, шайн дешан дай хилла хиларх, церан хьешаца йолчу юкъаметтигех лаьцна гIарабевллачу оьрсийн а, кхечу къаьмнийн яздархоша вайна дитина йозанаш дешча. ТIаккха кхетар вара нохчий цкъа а цхьаннан а олаллина кIел лаьттина цахиларх, шайн меттиг а, доьзал а арахьарчу тIекхийдарех ларбан церан ницкъ кхаьчна хиларх. Царна цкъа а ца дезна даьсса хабарш, ца баьшна уьш деш болчарах, хIунда аьлча бакъдолу дуьззина дош ала а, иза чекхдаккха а шаьш Iемина хиларна.

«Политолог» чIогIа синтем байна ву Россин Президента регионан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна республикина тIехь урхалла дарна еллачу «лицензех» хIун хир ду ца хууш. Саготта хила ца оьшу. Цо аьлла ма-хиллара, кIайчу паччахьан а, нохчаша шена тешам беллачун а юкъаметтигаш шеконе хIитто гIертарх гIуллакх хир дац. Уьш дуккха а шерашкахь зийна. Шен дена юххехь шина тIеман цIергахь вахчавелла. Цундела цхьаммо а хьехамаш бан оьшуш меттиг яц, Белковскийс-м муххале а.

Бакъду, цхьа чIагIдар нийса ду цуьнан – нохчийн халкъана хьалха «кIайчу паччахьа» лелош долу маьIна. ХIаъ, Iаламат доккха ду и маьIна. ДуьххьалдIа хIокху цхьана масало а гойту цуьнга нохчийн куьйгаллин а, халкъан а болу боккха ларам, муьтIахь хилар-м хьехо а ца оьшура. ТIемаш дIабирзина масех шо а далале Соьлжа-ГIалахь уггаре а хьалха меттахIоттийра Путинан цIарах болу урам. Тахана шахьарехь уггаре а хазачарах а бу иза. Иштта бакъдерш ког мел баьккхинчохь а карор ду тахана республикехь. И бакъдерг-м ас доггIучуьра хьахийнера БелковскийгIаьрга хьесапе эцийта. Цунна тIетоха кхин цхьаъ ду. ТIемаша йина чевнаш дIаерзаза болчу нохчашна цкъа а дицлур дац Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза) Путин Владимирца цхьаьна шаьш хIаллакаллин зила тIера юхадаьхна хилар, маршонан некъан юьхь йиллар. Цундела Россин Президентана дика хаьа ша республикехь урхалла дар хьанах тешийна, иза дика кхета Рамзан шен ондда гIортор хиларх, регионехь террористийн, экстремистийн доьдайъа цуьнан бен ницкъ кхаьчна цахиларх. Нагахь цу тIехь шеко йолуш хIума делахь, ладогIа лулахой болчохь  долчу хьоле.

Дахарехь дерриге а хийцалуш ду, чIагIдо цо. Бакъду иза. Дерриге а хийцалуш ду, паргIато езаш долу нохчийн халкъ доцург. Цунна цкъа а диц ца ло шена дина диканиг а, вуониг а. Цо могуьйтур дац хене хьаьжна доцуш шен бакъволчу куьйгалхочунна тIехь доцург кхолла гIертар, Белковскийс шен къамелехь чIагIдеш ма-хиллара, кхерамаш тийсар-м муххале а. Шен дуьхьа вехаш волчунна цхьа а кхерам тIехIуттуьйтур бац халкъо. Оцу могIанийн авторна дIахаийта мегар ду дуьненахь яккха Дала шена елла хан нохчех ца кхоьруш яккха цуьнан йиш хилар. Довзийта оьшуш дац цуьнан адрес а, эшахь карор ду. Ишттачунна шена дуьсу адамашна тоха лерина долу шен дIовш.

Кхин цхьаъ дагадаийта луур дара Белковскийна а, цуьнца къамел динчу журналистана а. Соьлжа-ГIала а, республике а богIучу хьешаша кхузахь долчу хьолан хадош болу мах: Россехь уггаре а синтеме йолчу регионех цхьаъ ю, хIора шарахь чIагIлуш лаьтта регионан экономика, тIеттIа алсамболуш лаьтта вай долчохь шайн ахчанаш юкъадахка лаам болчеран барам – республика цхьанаэшшара кхуьуш хиларна тешам. Эзарнашкахь багарлуш бу тахана вайн мехкан исбаьхьачу меттигех бIаьрг тоха лууш болчу туристийн барам. ХIан-хIа, иза а, регионан бахархойн хаддаза лакхадолуш долу дахаран хьал а ца го Белковскийна а, и санна болчарна а. Церан Iалашо кхин ю – халкъана тIе нехаш хьакха гIертар, Россин Федерацин уггаре а синтемечу регионех цхьаъ йолчу цо деш дерг дерриге а шеконе хIоттор, харцахьа даккхар.

Цуьнца доьзна дац-ткъа Немцовца доьзна долу гIуллакх а? Бехке бу аьлла хетарш лецна, дIахьош бу таллам. Суьдо йина кхиэл яц. Амма Белковскийс шен «сацам» тIеоьцу: политик верна Кадыров бехке ву. Мичахь ду бакъдерш? ХIун бух бу, ша дуьйцучух тешна а волуш, оцу кепара деш долу дIахьедарш? Мичахь ду бакъдерш? Дац уьш. Хуьлийла а дац. ХIуъу дина а питана тасарца шен кийра бассо аьтто хиларх воккхавевеш деш долу «дIахьедарш» ду уьш. ДIаьвше, даьсса хабарш!

Передача дIахьош йолчу журналиста (нагахь цунах иштта ала мегар делахь) питанан зирх а туьйсуш, кхидIа а чуьравуьйлу «хабарча». Бакъду, хIинца вежаршца гIалгIашца дийнна халкъ а, Кадыров а эгIо. Кхузахь дагадоуьйту хьалхара тIом болалуш ГIалгIайчухула вайна деана хилла Россин эскар, чIагIдан гIерта иза, оьшуш меттиг хилахь, оццу новкъа юха а догIург хилар. ХIун дуьйцур ду кхетамчуьра ваьллачу стагаца? Шена хетачунна тIера иза вериг ца хилча-м муххале а. Дийцича а эрна дуйла хуъушехь «политологана» дагадахкийта луур ду цо юьйцучу хенахьлера цхьадолу бакъдерш. «Дицделла» цунна хIетахь гIалгIаша Нохчийчу догIуш хилла федеральни эскарш совцо гIерташ лелийнарг: федеральни некъ дIакъовлар, зударий, карахь бераш а долуш, танкашна дуьхьал хIиттар, бохаман киртиг тIехIоьттича дукхах болчара нохчийн халкъана дина вежараллин гIо.

Ницкъ ма-бе шайна хилларг бIостанехьа гайта, хиндерг шеконе хIотто гIерташ. ДIаяхана и зама. Федерацин Конституци къобал а еш, Россин уггаре а синтемечу субъектех цхьаъ хилла дIахIоьттина Нохчийчоь. Шен сирлачу кханене хьоьжуш, иза гергакхачорна тIехь хьакъ доллу гIуллакхаш деш схьадогIуш ду нохчийн халкъ. Дела воцург оцу новкъара иза даккха ницкъ а бац дуьненахь.

Амма цунах кхета ца туьгу БелковскийгIар. Бакъдерг, нийсаниг ца гойтуш харцонан марха ю церан бIаьргаш чохь. Цундела и марха жимма мукъана а лахъярхьама законан ницкъах пайдаэцча нийса хир дара аьлла хета. КIезиг бац вайн ишттачу гIуллакхийн йист яккха хьуьнаре болу юристаш. Цаьрга дала деза дош.

 

Л.МАГОМАЕВ

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: