Б1аьстенан коьрта декхар кхочушдина

Майн т1аьххьарчу деношкахь чекхдаьккхина республикин аренашлелорхоша б1аьстенан культурийн х1у д1адер. Билгалдина а ма-хиллара, 101 эзар гектара т1ехь д1адийна сулин, б1аьстенан мекхан, шекаран буракийн, хьаьжк1ийн, маьлхах1уьнан, люцернин х1у. 1аламан 1аламат чолхечу хьелашкахь д1абахьа дийзира и белхаш. Цхьана муьрехь хаддаза оьхуш хиллачу дог1анаша цхьана а дийнахь буьззинчу барамехь пайдаэца таро ца хуьлуьйтура карахь йолчу техниках.

Делахь а, оцу чолхаллашка хьаьжна доцуш, латталелорхойн ницкъ кхечира билгалйинчу хенахь аренашкара г1уллакх чекхдаккха. Цу т1ехь доккха маь1на лелийра, кхолладелла хьелаш хьесапе а оьцуш, х1окху б1аьста аренийн белхаш кхиамца д1абахьарна т1ехьажийна билггал г1уллакхаш кхочушдаро. Ша аьлча, тидам т1ебахийтира х1у дуьйн долчу майданийн таронаш билгалъяхарна, шен хеннахь белхаш чекхбахарна оьшу долчу ахчанан а, материально-технически а таронаш кхолларна. Шен хазна йиллира оцу г1уллакхана юкъа министерствехь вовшахтоьхна хиллачу оперативни штабо а.

– Х1инца хьалха лаьтташ ду цхьа эзар гектарал сов йолчу майданахь дуга д1адер, – хаам бира регионан юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран департаментан директора Матуев Ханпашас. – Кхузахь билгалдаккха луур дара кху шарахь и культура  пачхьалкхан бахамашкахь санна, дуьххьара фермерийн бахамашкахь а кхиориг хилар. Цо тешам ло вай долчохь дуганан барам хаъал алсамбаккха ницкъ кхочург хиларна.

Дийнна агропромышленни комплексехь тахана долчу хьолах лаьцна дуьйцуш говзанчас тидам т1ебахийтира, 1аьнах дика чекх а девлла, гуьйренан ялтийн хьекъар лакхадериг хилар гойтуш билгалонаш х1инцале а гучуевлла хиларна. 93 эзар гектар майданашкахь кхуьуш ду уьш, шена юккъехь 16 эзар гектара т1ехь д1адийна лаккхарчу дикаллин элитни х1у а долуш. Иза билгалдолу цамгарш ца кхетарца, дуьжуш ца хиларца, уггаре а коьртаниг – кхачанан сурсаташ кечдарна пайдаэца мегаш хиларца.

Д1адаханчу шарахь гулдина дерриге а буьртиган ялташ 174 эзар тонне д1а а кхачош, шаьш кхаьчна хилла гайтам хаъал лакхабаккха шайн таро хирг хиларх теша регионан латталелорхой. Цунна дегайовхо кхуллу цхьабосса хьийкъина кхуьуш долчу гуьйренан ялташа.

Л.АБУБАКАРОВ

 № 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: