Керла шо тIекхачале масех де хьалха мехала цхьаьнакхетар хилира вайн Парламентехь. Иза вовшах а туьйхира, дIа а даьхьира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан тIедилларца Парламентан дешаран а, Iилманан а комитетан председатела Хазбулатов Бекхана.

Цигахь дакъалоцуш бара республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, хаамийн а, зорбанан а министерствон, культурин а министерствон, Нохчийчоьнан Iилманийн академин векалш, Iилманчаш, депутаташ, журналисташ, кхиберш.
Цхьаьнакхетарехь дукха лерина дийцаре дира нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а хьокъехь долу тIех мехала гIуллакхаш.
Шен дIадолоран дашехь Б.Хазбулатовс билгалдаьккхира «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» арахецначул тIаьхьа бан безарг вуно жоьпалле а, боккха а болх хилар, иза дахаран дерриге а дакъошкахь бан безаш хилар.
Цуьнца доьзна Нохчийн Республикин Парламенто законаш дахаран а, цу тIехь хийцамаш баран а декъехь бина а, беш болу а болх бовзийтира цо.
Цул тIаьхьа къамелаш дира Парламентан Председателан заместитела Юсупов СаьIида, хаамийн а, зорбанан а министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, Дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата, Нохчийчоьнан Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан председатела Джунаидов Асланбека, филологин Iилманийн доктора, профессора Халидов Айсас, дуккха а кхечара.
Лаххара а ткъех стага къамел дира цхьаьнакхетарехь нохчийн мотт кхиорехь дан дезарг дуьйцуш. Цара массара а дийцинарг доккха маьIна долуш а, нохчийн мотт кхиоран некъаш гойтуш а, оцу декъехь дича бакъахьа хетарг довзуьйтуш а дара.
Дийцаре дечу гIуллакхан бала кхочуш, нохчийн мотт Iаморца, бийцарца, хаарца долчу хьолана сагатдеш, и хьал тодан лууш хилар бIаьрла гуш дара массеран а къамелашкахь. Цундела алссам магораш (рекомендацеш) а далийра цара, хетарш а довзийтира.
Ларамаза дацара кхузахь нохчийн меттан шо дIакхайкхо дезаш хиларан хьокъехь ойла кхоллаялар а, и ойла массара а къобалйина хилар а. Иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» долу Указ арадаккхаран беркате тIаьхье лара а йогIу. Цундела дика хир дара и мехала указ арадаьккхина 15 шо кхочучу 2022-чу шарахь Нохчийн меттан шо дIадаьхьча. Баккъал а нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а йоккха гIулч яккхар, нохчийн ойла ненан маттана тIеерзор хир дара иза.
Цхьаьнакхетар дерзош цхьамогIа магораш тIеийцира цигахь дакъалоцуш хиллачара, уьш кхочушдан белхан тоба вовшахтоха сацам а бира.
Б.Хазбулатовс баркалла элира цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначарна массарна а шайгара йоккха жигаралла а, нохчийн мотт кхиоран гIуллакхна сагатлуш хилар а гайтарна.
Хь.САИДОВ
№1, кхолламан (январь) беттан 4-гIа де