Соьлжа-ГIалин Ахьмадан кIоштарчу Олимпийски куьпахь дан долийна керла маьждиг.

Иза, республикин бахархойн а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун командин векалийн а дIадолорца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан цIарах а, 2 эзар стагана лерина а хир ду.
ГIишлошъярхоша дийцарехь, регионан уггаре а исбаьхьачех цхьаъ хир ю и Делан хIусам.
Маьждиг дан долорца шаьш даккхийдеш хилар хаийтира бахархоша.
«Тхан кIоштахь хир ду регионехь а уггаре исбаьхьачех цхьаъ долу маьждиг. Къаьсттина тхо даккхийдедо, тхан дехарна жоп а делла, маьждигана Нохчийн Республикин Куьгалхочун Кадыров Рамзанан цIе туьллург хиларх», – билгалдаьккхира Ахьмадан кIоштан бахархоша.
Керлачу маьждигана бух буттучохь хилира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Делимханов Адам, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Iеламнах, юкъараллин гIуллакххой. ГIишлошъяран болх дIаболон бакъо елира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан кIантана Кадыров Адамна.
Дагадоуьйту, 2020-чу шарахь регионехь 32 маьждиг дина хилар, кхин а 70 сов маьждиг деш хилар.
Нохчийн Республикехь дерриге а 1 200 маьждиг ду, иштта болх беш ю хьафизийн 7 хьуьжар а.
I.ТЕРЛОЕВ
№1, кхолламан (январь) беттан 4-гIа де