Федеральни министр – Нохчийчохь

IMG_6370 копия

2-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь могашалла ледара йолчу берашна а, кхиазхошна а леринчу республикин реабилитацин туьшахь хилира Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни лардаран а министр Топилин Максим а, Россин Федерацин демографин политикин а, бахархой социальни ларбаран а департаментан директор Петрова Светлана а. Беза хьеший тIелоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер Магомадов Iабдулла, Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министр Ахмадов Мохьмад, Россин Федерацин Пенсионни Фондан Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхо Ахмадов Мохьмад-Эми. М.Топилин дуьххьара веана вац Нохчийн Республике. И.Тарамовн цIарах йолу республикин реабилитацин туш схьайоьллуш а дакъалецира цо ши шо хьалха.

Шен рогIерчу визитан Iалашо туьшахь хиллачу хийцамашка бIаьрг тохар ю элира цо. Реабилитацин туьшан директора Исаев Анзора ша хьалхаваьлла гайтира туш. Берийн кхиарна, церан физически а, психически а могашалла тоярна оьшуш мел долу хьелаш долуш йолу кабинеташ гира хьешашна. Могашалла тоян даьхкинчу берашца а, церан наношца а къамеле велира федеральни министр. Уьш хьаьвсира «берийн кхоллараллин колейдоскоп», «дуьненах кхета Iамаво» кабинеташка. Цул тIаьхьа нохчийн этнографин чоь гайтира. Иза нохчийн шира хIусам гойтуш кечбина гайтам бара. Иштта, цара бIаьрг туьйхира тренажерни зала чу а, физиотерапин, гидротерапин, массажни, механотерапин кабинеташ чу а.

Цхьа шо хьалха кхузахь цомгашчу берашна томана а, церан психически могашаллина пайденна а аьлла схьайиллина зоопарк ю. Кхин хуьлийла доцуш, дика хьелаш дара цигарчу акхарошна кхоьллина. Хууш ма-хиллара, ДЦП, Дауна цамгарш йолчу берашна боккха синтем карабо акхарошца, царех дарба долу нервни хIоттамна.

Туьшан психолого-педагогически гIодаран декъан заведующис Шаронова Совбикас дийцарехь,  кхузарчу лоьраша дай-наной а Iамабо шайн берашна массаж ян.

Реабилитацин туш 220 берана лерина ю. Цаьрга хьожуш 171 социальни хьехархо, 38 лор ву.

Ерриге а 21 отделени ю кхузахь.

Нохчийн Республика жима елахь а, амма ДЦП, Даунан цамгарш йолу заьIап бераш кIезиг ца нисло.

Туьшан балхана а, хьелашна а реза хилира Москвара баьхкина хьеший.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: