Хьомсара вежарий, йижарий! Сийлахьчу устазана Шайх Кишин Кунта-Хьаьжина тIаьхьа баьзначу, цуьнца ваIда йолчу Нохчийн Республикерчу а, ткъа иштта, цуьнан дозанашна дехьарчу а миллионаш бусалбанашна таханалерниг лазаме де ду.

Бусалба уммато сий а, ларам а беш хилла волу, шен дерриге а дахар Сийлахьчу АллахIана гIуллакх дарна, адамаш дикане, къинхетаме хиларе, цIиндаларе кхайкхина волу Шайх, паччахьан Iедало луьраллица, къизаллица махках ваьккхира нийсса 157 шо хьалха.
Цо даима а емалдора стаг гатте хьийзор, стагана ницкъбар. Карахь герз а доцуш, машаран некъаца системина дуьхьал лаьттара иза, Исламан хьокъехь долу шен хаарш, Iилма даржош.
ДогцIена, доккха ийман, Iилма, машар безаш хиларна, нохчийн халкъ хIаллакьхиларх кIелхьарадаккха гIертарна иза юкъараллина везаш вара, цуьнга боккха сийларам бара, цуьнан хьехаме наха ла а дугIура.
Гоьваьлла юкъараллин а, динан а гIуллакххо а, хьекъалча а хиларе терра Кишин Кунта-Хьаьжас бIаьрла лар йитина бусалбанийн исторехь. Цуьнан хьехамаш бахьана долуш эзарнаша адамаша Ислам тIеэцна. Дуьненан тайп-тайпанчу маьIIехь ган тарло цунна тIаьхьабаьзнарш, цуьнан муридаш.
Иза махках ваьккхинчул тIаьхьа масех чкъор хийцаделла, дукха хан дIаяьлла, амма цуьнан хьежамаш, хьехамаш тахана а мехала а, маьIне а бу. Цуьнан дерриге а дахар Сийлахь-Воккхачун некъа тIехь цIеначу даггара дика а, къинхетам а баржоран масал ду.
Дерриге а дуьненахь болчу Кунта-Хьаьжин муридаша даггара АллахIана IамалIибадат до, дика а даржадо. Цуьнга кхойкхура вай дерриге а Шайх Кишин Кунта-Хьаьжас.
Вайн дегнашкахь даима а дехар ду сийлахьчу эвлаяах долу иэс. Дала къайле тойойла цуьнан!
№1, кхолламан (январь) беттан 4-гIа де