Нохчийн Республикехь дIадаьхьира сийлахь-воккха эвлаяъ, Шайх Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) дагалацарна лерина гIуллакхаш.

Коьрта гIуллакх дIадаьхьира Веданан кIоштарчу Эртанахь а, Хьаьжи-Эвлахь а.
Тайп-тайпанчу кIошташкара Кунта-Хьаьжин муридаш баьхкинера, 1856-чу шарахь Шайха йиллинчу юьртана цуьнан хьалха хилла цIе – ХьаьжиЭвла – юхаерзорна леринчу гуламе. ХIинццалц Первомайски цIе лелош яра и юрт.
Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, кхиберш.
Даудов Мохьмада дIабийшира оцу иэсан денца боьзна болу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхайкхам.
Цул тIаьхьа Межиев Салахь-Хьаьжас доIа а дина, юьртан керла цIе тIехь йолчу бIогIамна тIера кIади охьадаьккхира.
Иштта, муридаша Эртанарчу маьждигехь делкъа-ламаз дира, Шайх Кишин Кунта-Хьаьжин ненан зератана уллехь зуькар а дира.
Цул сов, Шела гIалина йисттехь, 1864-чу шарахь, Шайх лацарна дуьхьал машаре акци дIахьочу хенахь, паччахьан Iедало тоьпаш тоьхна, дIакхелхина волу Кунта-Хьаьжин 300 сов мурид дIавоьллинчу кешнашкахь зуькар а дира, сагIа а даьккхира.
Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца республикерчу хала бохкучу доьзалшна кхачанан сурсаташца гIо дира.
Шайх Кишин Кунта-Хьаьжа дагалацаран денца доьзна дара и гIуллакх: гIо оьшуш болчу бахархошна дIасадийкъира 90 эзар булка бепиг а, 30 эзар котам а, 3 эзар банка моз а, 91 эзар сов ботт хIуш а, 60 000 гергга ботт чуьппалгаш а.
Шайх Кишин Кунта-Хьаьжа паччахьан Iедало лаца а лаьцна, махках ваьккхира 1864-чу шеран кхолламан беттан 3-чу дийнахь.
Оцу сингаттамечу иэсан денца доьзна, 2010-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикехь хIора шарахь билгалдоккху Кишин Кунта-Хьаьжа дагалацаран де.
I.МУРТАЗОВ
№1, кхолламан (январь) беттан 4-гIа де