Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара доттагIий! Тахана Россин зорбанан де ду. Ас чIогIа хазахетарца декъалво оцу дезачу денца хьоме ваша, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а, регионан берриге журналисташ а!

Шеко йоццуш, шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсаш кхоччуш хийцабелла. Царна йоккха конкуренци кхуллу интернет-сайташа, авторийн блогаша, дерригенах а аьлча – сетийн изданеша. Амма ламасташ, дуккха а бIешерийн дохаллехь газеташий, журналаший кхоьллина долу, хийца ца луш дуьсуш ду. Ерриге а медиадекъан бух хилла лаьтта уьш.

Уггаре а коьртаниг ду, хаамийн технологеш жигара кхиарца доьзна нислуш йолчу халонашка хьаьжна ца Iаш, зорбанан СМИ-н журналисташна даггара шаьш хаьржина говзалла даггара шайн къинхьегаман хама беш хилар, ешархойн аудиторина чулацаме, мехала сурсат арахоьцуш хилар. И бахьана долуш зорбанан прессе хIинца а хьашто ю.

Нохчийн коьртачу СМИ-н ерриге а редакцеш Соьлжа-ГIаларчу уггаре а хазачу, исбаьхьачу, бегIийлачу гIишло чохь ю. Царна болх бан дерриге а хьелаш кхоьллина. Хьомечу вешин Дудаев Ахьмадан хьуьнаран доккха дакъа ду оцу юкъахь. Вайн халкъан кхолламна саготта бу вайн журналисташ, цунах дог лозуш бу. Цара шайн къинхьегаман хазна юкъаюьллу юкъараллехь машар а, барт а хилийтарна.

Шеко йоццуш, вай дагахь латтабо Нохчийн Республикехь хуьлуш болу хиламаш бовзуьйтуш тIеман шерашкахь шайгара хьуьнар гойтуш кхелхина болу корреспонденташ. Церан цIераш даиманна а историна юкъаяхана.

Оха баркалла боху, хIора минотехь шайн дахар кхерамна кIел а туьйсуш, тIеман къизалла, синош гIорасиз динчу эзарнаш адамийн лазам а, гIайгIа а, бала а дуьненан дерриге а адамашна дIабовзуьйтуш лелла болчу журналисташна…

ДоттагIий, хIокху башхачу дезачу дийнахь суна лаьа берриге а журналистийн кхоллараллехь кхиамаш, аьтто, могашалла, зовкхе дахар хуьлийла!

№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: