ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерствехь дIадаьхьира хIора шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь билгалдоккхуш долчу Россин Зорбанан денна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а, цуьнан заместительш а, республикин а, кIоштийн а шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсийн куьйгалхой а, белхахой а, зорбанан журналистикин ветеранаш а.
Шен къамелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада билгалдаьккхира Россин Зорбанан де маьIне дезде хилар а, нохчийн шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсийн векалша, шайн халкъе бакъдерг Россин Зорбанан де билгалдаьккхира дIакхачош, къахьега даима а шаьш кийча хилар гайтина хилар а.
– Шу дерриге а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан командин векалш ду, даима а шаьш схьалаьцначу корматаллин новкъахь къахьоьгуш а ду. Ас даггара декъалдо шу дезачу денца, шун балхахь кхиамаш хуьлийла а лаьа суна, – элира министра.
Цо лаккхара мах хадийра шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсаша дIадаханчу шарахь бинчу белхан.
Дудаев Ахьмада Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира республикин а, кIоштийн а шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсийн цхьамогIа белхахошна.
Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан къоначу иллиалархойн концертан программица дерзийра даздарш.
I.МУРТАЗОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де