2021-чу шарахь Федеральни «Башха хин объекташ Iалашъяр» проектан «Экологи» Къоман проектан гурашкахь Соьлжа хин корта (водохранилище) цIанбан болор бу. Цуьнан барам 37,5 гектар бу.

Оцу гIуллакхан коьрта Iалашо ю Соьлжа хин коьртана юххехь йолу меттиг олхазарш а, акхарой а шена тIеозор долчу агIор цIанъяр а, Соьлжа-ГIаларчу бахархошна садаIа бегIийла хьелаш кхоллар а.
«Таханлерчу дийнахь Соьлжан гидротехникин гIишлош (хи лаьттийла а, татолаш а) ледарчу хьелашкахь ду – Соьлжан татолан цхьа дакъа дохар а, саз-латта хилар а бахьана долуш пайдаоьцуш дац. Соьлжа хи лаьттийла цIанйинчул тIаьхьа 75 882 вахархочун хица кхачояран хьелаш толур ду, иштта хин дикалла V классан тIера XI классе кхаччалц лакхаяларе сатуьйсийла а ю. Проект кхочушйийр ю деа шарахь», – элира Iаламан тIаьхьалонийн департаментан директора Турпалов Iумара.
Л.ДАУТОВА
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де