Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца тӀеэцна йолу «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» законаца а ларъян лерина ю республикин Парламент.

Оцу Ӏалашонца, леррина хийцамаш бийр бу «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» а, «Административни бакъонаш талхоран хьокъехь» а долчу законашкахь.
Билггал аьлча, «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» долчу законан 4-гӀа дакъа «211 статьяца» тӀедузур ду «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш»: 1) Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна нохчийн мотт лелорехь кхочушбо Нохчийн меттан нийсаяздаран коьртачу бакъонийн гуларан лехамаш; 2) Нохчийн меттан нийсаяздаран коьртачу бакъонийн гулар чӀагӀъеш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца.
Иштта, «Административни бакъонаш талхоран хьокъехь» долчу законехь а бийр бу хийцамаш, 5-гӀа дакъа «162 статьяца» тӀе а дузуш – «Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт лелорехь нийсаяздаран бакъонаш талхор»: Рекламин а, хаамийн а аннаш кечдарехь а, даржорехь а, некъан а, кхийолу а билгалонаш кечъярехь а, адресийн атрибутикехь а, кехатийн бланкашкахь а Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт болчу нохчийн меттан нийсаяздаран бакъонийн лехамаш кхочушцабарна административни гӀуда тоха догӀу, даржехь болчарна а, совдегаршна а – 500 соьмана тӀера 1 эзар соьмана тӀекхаччалц, ткъа организацешна – 1 500 соьмана тӀера 3 эзар соьмана тӀекхаччалц.
«Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» а, «Административни бакъонаш талхоран хьокъехь» а долчу законашкахь хийцамаш баран хьокъехь» закон кечдинарг а, чуделларг а Нохчийн Республикин Парламентан депутат Хазбулатов Бекхан ву.
И.АДАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де