Шелан кIоштарчу таронаш ледара йолчу ялх доьзална керла хIусамаш елла.

ЦIенош Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах Гермачиг юьртахь дина.
«ВагаповгIеран Шарпуддин, Ха лидан, Людин, МагомадовгIеран Сайпуддин, Майрбекан, Тимуран хала хьал шена девзинчул тIаьхьа, Фондан президента Кадырова Айманис сацам бира Керлачу шарна царна совгIат дан – кхузаманан дерриге а хьелаш долу цIенош дан. Цул сов, хIусамаш йийбарца а, мел оьшуш йолчу техникица а кхачо йина ю. Кхузаманан гIишлош йохъяран система йина, ток, газ, хи дигина», – яздина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте йолчу шен агIонехь.
Ялх доьзалехь 17 кхиазхо а ву, иштта, мотт ца хууш заьIап зуда а ю. Дахаран халачу хьелашкахь бохкуш бара и доьзалш.
Дахарна а, бераш кхиорна а оьшуш долу хьелаш дацара. Уггаре а чIогIа хьашто йолчунна а таро яцара.
Кадырова Аймани бахьана долуш, оцу доьзалийн Iер-дахаран хьелаш орамера дуьйна хийцаделла дикачу агIор. Керла шо шайна дагахь ца хиллачу кепара ирсе хуьлуш тIеэцна цара.
Л.РАГИМОВА
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де