Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь дIадаьхьира Эсамбаев Махьмудан цIарахчу Нохчийн Республикин пачхьалкхан хелхаран а, эшарийн а берийн «Даймохк» ансамблан 15 шо кхачарна лерина даздарш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутаташ Делимханов Адам, Саралиев Шамсаил, Нохчийн Республикин Правительствон председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, иштта кхин официальни нах а.
«Даймохк» ансамблан концерт йолаялале хьалха сцени тIе кхайкхира ансамблан ветеранаш, шайн кхоллараллин некъ оццу ансамблехь дIаболийна артисташ. Карарчу хенахь царах дукхахберш Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболу а артисташ бу.
Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра къоначу артисташа бечу белхан. Цо элира: «Кху ансамблан хилла артисташ суна берриге а аьлча санна бевзаш бу. Нахана юккъехь лела хууш, гIиллакх-оьздангалла йолуш, шайн дика цIе йоккхуьйтуш, тахана цхьацца меттигашкахь белхаш беш бу уьш. Берашца болх бан атта дац. Доьзалехь а хала хуьлу бер нийсачу новкъа даккха. Ткъа шен доьзална санна дола а деш, царна гIиллакх, гIуллакх, яьхь йовзуьйтуш, Даймахке безам кхуллуш кегийрхой кхетош-кхион хала ду. ХIораннах а корматаллин хелхарча хир вац. Коьртаниг шен къоман культура, гIиллакхаш, Iадаташ девзаш, ийманехь кегийрхой кхиор ду».
Республикин Куьйгалхочо къамел дерзийначул тIаьхьа совгIаташ дира: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца, ансамблан 15 шо кхачарца, Нохчийн Республикин хореографин искусство кхиорна, шен болх лаккхарчу тIегIанехь барна ансамблан директорна Ахмадова Айзина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а, ансамблан оркестран артистана Цыбаев Шарипана «Нохчийн Республикин хьакъволу белхахо» цIе а елира. Ткъа иштта «Даймохкан» белхахой билгалбехира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца. Тидам боцуш ца бисира ансамблан кегийрхой, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан Юкъараллин фондан чоьтах ахчанаш а, божаберашна велспеташ елира, зудаберашна совгIаташ а дира.
Шен къамелехь Нохчийн Республикин Культурин министра Дааев Хожа-Баудис элира: «Вайн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура, къоман уггаре а коьрта Iалашо, иза кегийрхой ийманехь кхетош-кхиор ю, олий».
Ансамблан кхоллараллин куьйгалхочо Ахмадов Рамзана баркалла элира республикин Куьйгалхочунна шаьш бечу белхан лаккхара мах хадорна. Иштта цо билгалдаьккхира: «Соьлжа-ГIалахь я кхечу меттехь гIиллакхе, оьзда кегийрхой гича, уьш сайн хилла дешархой буйла хиъча суна доккха совгIат хуьлу. Кхета оха беш болу болх эрна цахиларх, дерриге а берийн дуьхьа хиларх», – элира Рамзана.
Хьовсархойн таро хилира «Даймохк» ансамбло лаккхарчу тIегIанехь кечйинчу концертан программе хьовса. Цара гайтира : нохчийн, оьрсийн, желтойн, испанхойн, италхойн, азербайджанхойн, жIайхойн хелхарш.
З.САГАЕВА
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо