«Буммат – Итон-Кхаьлла» некъ аьхка кийча хир бу

ХIокху аьхка кийча хир бу «Буммат – Итон-Кхаьлла» некъ. Иштта хаам бина белхан гӀуллакхца ГаланчӀожан кӀоштахь хиллачу Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.

Оцу некъаца, ГаланчӀожан кӀоштахула, вовшашца доза доцу республикин 2 кӀошт хотталур ю. Эна-Хишкан а, Итон-Кхаьллан а кӀошташ ю уьш.

Цул сов, «Буммат – ГаланчӀож – Роьшни-Чу» некъа тӀе жагӀа бохкаран болх чаккхене бирзина хилар а хаийтина цо. КхидӀа: «Буммат – ЦӀеча-Аьхк», «ЦӀеча-Аьхк – Ялхара», «Ялхара – Роьшни-Чу» некъаш силаман чкъураца шардаран белхаш дӀахьур бу.

Иштта, Даудов Мохьмада билгал мадаккхара, Хьайбаха боьдучу некъа тӀе а дилла лерина ду силаман чкъор.

МеттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь некъаш дохучу белхалошца къамел а хилира Парламентан спикеран.

Шаьш бечу балхах лаьцна дуьйцуш, цара билгалдаьккхира мел оьшучу хӀуманца шайна еш кхачо хилар, нохчийн халкъана къаьсттина мехала кӀошт меттахӀотторехь дакъалаца шайн аьтто хилла хиларх шаьш даккхийдедеш хилар.

Дагадаийта догӀу Даудов Мохьмадаца цхьаьна Росреестран Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхо Садулаев Ӏела а хилла хилар.

Цо урхалла дечу ведомствос, меттигерчу кӀоштийн администрацешца цхьаьна, республикин Правительствон «2019–2024-чуй шерашкахь ГаланчӀожан кӀоштан латтанаш социально-экономикин декъехь кхиоран хьокъехьчу» сацамца нийса а догӀуш, карара шо чекхдалале дӀаберзо безаш бу ГаланчӀожан кӀоштахь меттахӀотто леринчу яртийн планаш хӀитторан а, церан дозанаш къасторан а белхаш.

Оццу сацамца нийса а догӀуш, билггал хууш ду меттахӀоттош йолу кӀошт 7 юьртах лаьтташ хирг хилар: ГаланчIож, Ялхара, Аьккхичу, Хьайбах, ЧIармаха, ЦIеча-Аьхк, Мержа.

И.ИСЛАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: