Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу.
Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а социальни объекташ ю.

Церан могӀарехь ю «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин «Стимул» подпрограмма кхочуш а еш, Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀоштахь ян йолийна, 140 берана лерина йолу, керла берийн беш а.
Билгалдаккха догӀу бераш дийшаран а, кхачанан а, медицинин а блокаш хилла ца Ӏаш, бераш кхетош-кхиорна а, спорте марздарна а бина аьттонаш а цигахь хирг хилар.
УьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а йийр ю цигахь.
Цул сов, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Газалапов Ахьмада дийцарехь 2021-чу шарахь йина яла езаш ю кхин а кхо керла объект: Соьлжа-ГӀалахь берийн беш, школа а, иштта, ТӀехьа-МартантӀехь – школа а.
КАНТАЕВ Абу
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де