Маканехь а хир ю керла школа

Нохчийчохь школаш цатоаран хьал хIинца а хаалуш ду. Теркан кӀоштарчу Маканехь Iаш 3,5 эзар сов стаг ву.

Юьртахь йолу школа кхачаме яц, бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а, иштта школин гӀишло тиша хиларца а доьзна.

Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, карарчу шарахь юьртахь керла юкъарадешаран школа ян сацам хилла.

Хууш ма-хиллара, «Дешар» проектан коьрта Iалашо ю школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, стандарташца догIуш дешаран хьелаш тодар а.

Кхо гIат а долчу, 300 дешархочунна лерина а йолчу, керлачу школехь библиотека а, актови зал а, медицинин пункт а, кхачабаран чоь а, йоккха спортзал а хир ю. Классаш, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина хир ю. ГIишло 3726,28 квадратан метр хир ю.

Хууш ма-хиллара, заманца кхуьуш ю дешар хьехаран методика. Цундела керлачу школехь кхузаманан лехамашна жоп а луш, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн.

Карарчу 2021-гIа шарахь, керла дешаран шо доладалале, йина яьлла хила езаш ю школа.

МУСЛИМОВ Абу
№2, кхолламан (январь) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: