Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа Нохчийн Республикина медицинин совгIат дина

Нохчийн Республикехь COVID-19-ца къийсам дIабахьа аьтто беш, нохчийн халкъана совгIатана медицинин гIирсаш тIехь болу кема деана Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара.

Абу-Дабин тIаьхьалонан элас Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайана медицинин гIирсаш нохчийн халкъана совгIат деш баийтина шен дукха хенахь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца доттагIаллин уьйраш йолу дела.

Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропорте деанчу оцу кемано еана 248 400 медицинин туьтмIаьжиг, уьнна дуьхьалонна лерина 12 000 кастом, 10 850 лардаран халат, коронавирус ю-яц хьажаран 20 000 тест.

Аэропорте, кеманна дуьхьал, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, МогашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан а вахнера.

«Эмираташкара вайн вежарий даима а вайца зIенехь бу. Цара вайн республикехь коронавирусан уьнца долчу хьолана сагатдо. Билгалдаккха луур ду вайн республикехь коронавирусан уьнца долу хьал хьалхачул гIолехь хилар. Таханлерчу дийнахь COVID-19 уьнна беттанашкахь хилла ца Iаш, шерашкахь дуьхьало ян кийча ду вай. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна хьалха хIоттийнарг и Iалашо ю», – элира М.Даудовс.

Дагадаийта лаьа 2020-чу шеран аьхка республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Абу-Дабин тIаьхьалонан элас Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайана а бинчу бартаца Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа Къилбаседа-Кавказан федеральни округерчу ялх регионна, цу юкъахь Нохчийн Республика а йолуш, коронавирусан ун даржарна дуьхьал къийсам латторан гIирсашца гIо дина хилар.

Оцу республикашна лерина медицинин гӀо тӀехь долу кеманаш Соьлжа-ГӀаларчу аэропорте схьакхаьчначул тIаьхьа, Нохчийчоьнан куьйгалло Ӏуналла а деш, дӀакхачийра иза оцу регионашна.

Л.РАГИМОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: