Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира культурин министраца Дааев Хож-Баудица.

Министра правительствон куьйгалхочунна довзийтира дIадаханчу шарахь ведомствос бинчу белхан жамIаш, дийцира карарчу шарахь дан леринчу гIуллакхех а, хьалхалаьттачу декхарех а, Iалашонех а лаьцна.
Иштта, Х-Б.Дааевс билгалдаьккхина ма-хиллара, «Культура» къоман проект кхочуш а еш, 2020-чу шарахь дIабаьхьна ярташкахь культурин цIенош даран, долуш долчарна реконструкци яран, уьш тодаран белхаш. Ялх юьртахь бина и белхаш.
Цуьнца цхьаьна, культурин декъерчу дешаран шина учрежденина кхачо йина музыкин гIирсашца, дешаран коьчалшца, кхечуьнца.
Культурин министра дийцарехь, дIадаханчу шарахь дуккха а тайпа белхаш бина республикин культурин тIаьхьалонех йолчу пхеа объектана реставраци еш а. Царна юкъахь ю Эги-ЧIожан историн-архитектурин «Дуьхьалонан пенна юххера гIаролан бIов» а, «Дуьхьалонан пен» а комплекс.
Кхин хIума а ца дийцича а, ширачу Хойхь йолу историн доккха маьIна долу гIишлош меттахIитторехь дина гIуллакхаш тоьар дара. Вайн регионе богIучу туристийн тидам тIеозош йолу мехала меттиг хилла дIахIуттур ю Хой а, цигара бIаьвнаш а, шира гIишлош а.
Хучиев Муслима а, Дааев Хож-Баудис а боккха тидам тIебахийтарца дийцаре дира карарчу шарахь дан лерина долу гIуллакхаш.
Министра дийцира 2021-чу шарахь культурин декъехь Iаламат мехалчех цхьаъ йолу проект кхочушъяр дIадолориг хиларх лаьцна. Иза Соьлжа-ГIалахь ян лерина йолу «Культура кхиоран туш» ю. И проект кхочушъярна коьрта тидам тIебохуьйтур бу хIокху шарахь ведомствон куьйгалхоша а, говзанчаша а.
Карарчу шарахь дан деринчу гIуллакхашна юкъахь ду «Кинематографин пачхьалкхан урхалла» ГБУ-н гIишлонна капитальни ремонт яр, гIишлонан чоьхьара а, арахьара а куц хуьйцуш.
Иштта, тойина, хазйина, къагийна дIахIоттор ю пхеа юьртара культурин а, садаIаран а учрежденеш.
Цуьнца цхьаьна кхидIа а дIахьур ду ведомствон ерриге а учрежденешкахь нохчийн халкъан гIиллакхаш, ненан мотт, оьздангалла кхиоран, дайн Iадаташ марздаран, махке безам кхолларан гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира культура кхиорна тIехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам латтош хилар а, массо агIор гIо-накъосталла деш хилар а.
Д.ПАШАЕВ
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де