Гуьмсехь схьайиллина Культурин а, кхиоран а туш

IMG_0913 копия

ХIокху беттан хьалхарчу дийнахь Гуьмса гIалахь схьайиллира Культурин а, кхиоран а керла туш. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Культурин министра Дааев Хож-Бауддис, иштта кхечу официальни наха.

Регионан Куьйгалхочо шен къамел дIадолош тидам тIебахийтира республикин куьйгаллин коьртачех цхьа Iалашо иза вайн тIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран белхаш бар хиларна. Цундела цу тайпана объект схьаеллар доккха маьIна долуш хилам бу.

«Вайн коьртачех цхьа декхар ду тIекхуьуш долчу чкъурана бусалба динах а, Даймахках а, культурех а лаьцна дийцар, церан мехалла йовзийтар. ХIунда аьлча хIора стаг шен къомана а, махкана а пайдехь хила везаш ву. Вайна ма-хаъара, воккхачо, зеделларг долчо жимачунна дийца деза хIун мегар ду, я хIун мегар дац. Цундела х1ара тайпа объект схьаеллар вайн кегийрхой кхетош-кхиорехь белхаш барна чIогIа мехала ду», – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо цIен аса хадорца схьайиллира керла объект. Иза туьшан чоьнашка хьожуш чекхвелира. Фойе чохь цо тидам тIебахийтира декоративно-прикладной искусствон белхашна. Юха исбаьхьаллин самодеятельни коллективаша кечйина йолчу концерте а хьаьжира.

Билгалдаккха деза туьшан гIишло пачхьалкхан Куьйгалхочун указаш кхочушдарца доьзна йина хилар. Кху шарахь Россехь билгалдина цу тайпана цхьайтта гIишло яр.

Ткъа оцу объекто кхочушдо культурин а, учрежденин а, дешаран а туьшан декхарш. Туьшехь иштта ю дуккха а агIонаш шена чу лоцуш йолу кинон а, концертийн а зал, административни кабинеташ, ловзаран залаш. И учреждени схьаелларо таро хилийтина белхан керла 30 меттиг кхолла.

А.АБДУЛАЕВ

 № 61, еара, 4 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: