ДIадаханчу шеран 9 баттахь, 2019-чу шеран оццу муьраца дуьстича, 18,6 процентана лахбелла хьешацӀеношкахь совцурш.

Иза билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Премьер-министраца Хучиев Муслимаца хиллачу цхьаьнакхетарехь Туризман гӀуллакхашкахула волчу министра Байтазиев Муслима.
Амма, буьйцу мур Нохчийчохь а, Россехь а, дуьненахь а коронавирусан инфекцин пандемин мур хиларе терра, Хучиев Муслима тидам тӀе бахийтина хьал кхин а чолхе нисдаларна кхерам а хилла хиларна.
Цу тӀе, республикин Премьер-министра хаийтина и гайтам иэшаме белахь а, Россин кхийолчу субъекташца хьал дуьстича, туризман декъана Нохчийчохь кхин доккха зен хилла цахилар.
Туризман гӀуллакхашкахула волу министр резахилира Хучиев Муслима бинчу тидамна, пандемин муьрехь туризман декъана Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина терго а, Ӏуналла а дина хилар билгал а доккхуш.
Иштта, туристашна республика йовзийтаран Ӏалашонца, туризман ведомствос 2020-чу шарахь бина болх а бовзийтира Байтазиев Муслима.
Билггал аьлча, дуьненаюкъарчу 13 гайтамехь дакъалаьцна, республикехь жигара садаӀар а, чоьхьара туризм а кхиорна лерина 42 мероприяти дӀаяьхьна.
Цул сов, туризман «ANEX Tour» а, «TUI Россия» а операторшца берташ а бина.
И.ИСЛАМОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де