Герггарчу цхьана-шина кIиран чохь Нохчийчохь болх бан йолалур ю юкъара йоккха лаборатори. Дийнахь-бусий ши эзар сов таллам дIабахьа аьтто хир бу цигахь. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана.

Карарчу хенахь, министра аьлла ма-хиллара, Нохчийчохь дийнахь а, буьйсанна а болх беш ю бархI ПЦР-лаборатори.
«Уьш Уьнечу цамгарийн республикин клиникин туьшахь, Республикин чкъуран-венерологин диспансерехь, Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь, Соьлжа-ГIалин №6 йолчу поликлиникехь, СПИД-ца къийсам дIабахьаран, цунна профилактика яран республикин туьшахь, Гуьмсан кIоштан коьртачу больницехь, ткъа иштта, ЧГУ-хь а, «Darbanca» медицинин туьшахь а ю», – бохура ведомствон куьйгалхочо.
И лаборатореш хилар бахьана долуш, хIора а дийнахь-буьйсанна SARS-CoV-2 вирус ю-яц хьожуш, ши эзар сов таллам дIахьо. Оцу вирусо кхоьтуьйтуш ю COVID-19. Пандеми дIайолаелча дуьйна республикехь ах миллион сов ПЦР-таллам бина.
Дийциначунна тIетухуш, цо билгалдаьккхира тIаьхьарчу хенахь и цамгар кхетар бахьанехь больницашка балош болу дархой лахбелла хилар а, цуьнан коьрта бахьана цхьамогIа медорганизацеш дIакъовлар, уьш штатан рожехь (хьалха ма-хиллара) болх бан юьйлаелла хилар а.
Республикехь цомгаш хуьлуш болчеран барам лахбелла хилар тIечIагIдо ПЦР-тестийн жамIаша а.
Хьесапаш дарехь тидаме оьцу тIаьхьарчу дийнахь-бусий бинчу талламийн а, дIадаханчу шеран лахьанан (ноябрь), гIуран (декабрь) беттанашкахь бинчу талламийн а жамIаш. Оцу шина баттахь алсамдаьллера адамашна и цамгар хилар.
Э.Сулеймановс чIагIдеш ма-хиллара, ПЦР-талламаш баран тIегIа лахдан ойла яц, хIунда аьлча, оцу талламаша таро ло эпидемиологин декъехь долу хьал ма-дарра довза.
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де