ХIусамашца кхачо йина 700 стагана

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствос 2020-чу шарахь хIусамашца а, хIусамаш эца субсидеш даларца а кхачо йина 700 гергга стагана. Оцу хьокъехь хаам бина министерствон куьйгалхочо Баширов Iусмана.

Цо дийцарехь, хIусамаш эца сертификаташ делла 244 заьIапхочунна. Царна юкъахь 59 заьIап бер а ду.

ХIусамашца кхачо йиначарна юкъахь ву тIеман гIуллакхийн 318 ветеран.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш кхочуш а деш, оцу тайпанчу нахана иштта сертификаташ далар тIаьхьарчу кхаа шарахь шозза алсамдаьлла. Цул сов, хIусамийн хьелаш тодайта сертификаташ делла Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранех йисинчу шина зудчунна», – элира I.Башировс.

Иштта, 2020-чу шарахь керлачу хIусамашца кхачо йина 117 буоберана. 2019-чу шарахь елла хиллачул 17 хIусам алсам елла дIадаханчу шарахь.

Цул сов, 2020-чу шарахь къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствос шайн цIенош тодан ахчанан харжаш елла шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу эскаргIуллакххойн 51 доьзална.

Хь.САИДОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: