Инвестицийн чоьтах 3 автостанци йийр ю

Карарчу шарахь республикехь керла 3 автостанци ян лерина. Уьш йийр ю ЧӀуьлга-Юьртахь а, Устрада-ГӀалахь а, Шелахь а.

Цигахь керла автостанцеш яро таро лур ю пассажирийн хьашташ кхочушдар керлачу тIегIане даккха а, царна дIасалела бегIийла хьелаш кхолла.

Автостанцийн гIишлош чохь, диспетчерийн чоьнаш хилла ца Iаш, кегийчу берашца болчу наношна лерина чоьнаш а, иштта, садаIаран а, ламазан а чоьнаш а хир ю.

Цул сов, автостанцийн кхин цхьа башхалла а хир ю – водительшна садаIа лерина меттигаш кечйийр ю, ткъа пассажирашна кхуллучу хьолех лаьцна дийцича – кхузаманахьлерчу лехамашца уьш догIуш хирг хиларан цхьа а шеко яц.

Автостанцеш схьайиллинчул тIаьхьа гонахара майданаш куьце ялор ю. Керла объекташ инвесторийн чоьтах йийр ю.

Вайн республикерчу транспортан а, зIенан а министерствос кхиоран гIуллакхна юкъозийна нехан инвестицеш.

Ведомствос билгалъехира наха йинчу инвестицийн коьрта Ӏалашонаш: автобусаш, газелаш, кхийолу техника эцар а, автовокзалаш, автостанцеш, автотранспортан предприятеш а, транспортан комплексе эвсаре болх байтарна оьшу кхийолу объекташ а яр.

Дагадоуьйту, чекхдаьллачу шарахь а бина оцу декъехь боккха болх, нехан инвестицех – Шелковскехь а, Курчалойхь а, ТӀехьа-МартантӀехь а керла автостанцеш йина.

Цу тӀе, пачхьалкхан йоцу харжаш юкъаозор бахьана долуш, министерствон аьтто баьлла, 2017–2020-чуй шерашкахь, республикехь 2 эзар белхан меттиг кхолла.

КАНТАЕВ Абу
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: