Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь керлачу, 2021-чу шеран дуьххьарлера кхеташо хилира кхолламан (январь) беттан 12-чу дийнахь.

Кхеташо дӀахьош хиллачу институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира дӀадаьлла 2020-гӀа шо, коронавирусан ун даржар бахьанехь, махкана а оьшуш болу дика нах кхалхар нислуш, вай зуьйш чолхе хилла хилар.
Мукъачу деношкахь бакъдуьнена вирзинчу институтан коьртачу говзанчах Яндарбиев Хьамзатах дош олуш, цунна Деле гечдар доьхуш, доӀа дарца дӀайолийра кхеташо.
Кхеташонехь дийцаре дира 2021-чу шеран Ӏилманан-талламан белхан план тӀеэцаран гIуллакхаш а, коллективана хьалха лаьтта декхарш а.
2020-гӀа шо чекхдолуш, аьлча а, гӀуран (декабрь) беттан 18-чу дийнахь, А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институто дӀадаьхьира «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар йовзийтар.
Бакъонийн гулар Ӏилманан а, дешаран а белхахойн юкъараллашкахь а, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахошна а, республикин бахархошна а йовзуьйтуш, цунах лаьцна мелла а шуьйра дийца дезаш хилар а хьахийра Хь.Умхаевс.
«Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гуларх пайдаэцаран эвсаралла лакхаяккхархьама, нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина курсаш вовшахтухуш болх бан безаш хиларх лаьцна а дийцира цо.
Оцу балхана оьшуш болу гӀирс а, ницкъ а болуш бу институтан.
Цул сов, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан гӀоьнца институтана еллачу керлачу гӀишлонна ремонташ йина евр ю масех баттахь.
Дерзош аьлча, шеран белхан Ӏалашонаш билгалъевлла.
Коьртаниг – иза вовшийн лардеш, могаш-маьрша долуш, нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а новкъахь къахьега хьовсар ду. Цунах дика кхеташ ю институтан коллектив.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де