Даккхийдедеш ду республикин демографин хьал

ТIедеанчу 2021-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу дийнахь Нохчийн Республикехь дуьнен чу 63 бер даьлла (33 божабер а, 30 зудабер а). Дерриге а бераш могаш ду.

И хаам а, терахь а, «Грозный-информ» агентствос дийцарехь, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон Ноналлин а, берийн а департаментан директора Саратова Элитас бина.

Нохчийн Республика бераш алссам дуьнен чу довлучу регионашна юкъахь хьалхара хилла схьайогIу масех шо а ду.

Пачхьалкхан статистикин федеральни службин Нохчийн Республикин урхаллин хьесапашца, масала, 2019-чу шарахь 29 813 бер дуьнен чу даьллера (царах 14 366 зудабер а, 15 447 божабер а дара).

2020-чу шеран кхолламан (январь) баттера лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийне кхаччалц йолчу юкъанна республикехь дуьнен чу даьлларг 27 180 бер ду.

«Чеченстатан» куьйгалхочун заместителан Магомадова Асияхийтина хетарехь, 2021-чу шарахь кхин а алсамдер ду бераш дуьнен чу довлар.

«ДӀадахана шо дуьнен чохь ун даьржина шо дара. Гергарчеран а, гуонахарчу нехан а могашалла Ӏалашъяр дара коьртачу декъана мехала. Доьзалан гуо стамбар тӀаьхьатеттича санна дара. Делахь а, хууш ма-хиллара, Ӏаламехь хуьлучу хийцамаша а, тӀемаша а, ун-баланаша а адамана Ӏалашдалар тӀедожош санна нисло. Цундела хета, кху шарахь бераш дуьнен чу довлар 2020-чу шарахьчул а алсам хир ду аьлла», – билгалдоккху А.Магомадовас.

З.ЯХЪЯЕВА
№3, кхолламан (январь) беттан 16-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: