Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад Россин Федерацин субъектийн законаш кхуллучу органийн куьйгалхойн лидершлахь ву.
«Медиалогия» компанис бинчу талламо билгалдаьккхина иза.
57 эзар хьоста (ТВ, радио, газеташ, журналаш, хаамийн агентствош, интернет-СМИ-ш, и.дӀ.кх.а) юкъа а лоцуш, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн буха тӀехь оцу компанис хӀоттийначу системин гӀоьнца дӀабаьхьна таллам.