Герггарчу деношкахь схьайоьллур ю Устрада-ГIалара пансионат

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь Устрада-ГIалахь йина йолуш йолчу реабилитацин туьшахь а, тIеман ветеранашна, тIеман гIуллакхашкахь дакъалаьцначарна леринчу пансионатехь а хилира.

И башха социальни объекташ Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах еш ю.

«Сайн хьомечу вежаршц а – Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министраца Сулейманов Эльханца, республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министраца Баширов Iусманца цхьаьна со хьаьжира гIишлошъяран гIуллакх муха дIадоьдуш ду. Говзанчаша дийцарехь, и гIишлош йина евр йолуш ю герггарчу деношкахь. ТIаьххьара куьйгаш тухуш бу белхалой. ХIинцале чекхдаьккхина оьшуш болу гIирсаш дIахIиттор. Кийча ю административни, дIабуьйшу, медицинин блокаш, маьждиг, кхачанан чоь, ткъа иштта, садаIаран а, мокъа хан дIаяхьаран а зонаш», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Оцу социальни объектехь 100 маьнга-меттиг ю. Иза схьайиллича, 100 стагана белхан меттиг хир ю цигахь. Цигахь болх беш хир бу лаккхара говзалла йолу говзанчаш. Ткъа дархойн аьтто хир бу оцу комплексехь санитарни-курортни дарбанаш лелорах пайдаэца.

Цу юкъадогIу кхузахь Iар а, могашалла меттахIотторан курсаш дIаяхьар а, реабилитаци яр а, дукхазза а кхача баар а, культурни садаIар, самукъадаккхар а.

«ГIали йистехь йолчу уггаре а исбаьхьачу меттехь йина ю пансионат а, реабилитацин туш а юкъахь йолу башха комплекс. Кхузахь беш йоьгIна, айманаш яьхна, доцца аьлча, дерриге а хьелаш кхоьллина могашалла меттахIотто а, дегIе, сине садаIийта а, сапаргIат далийта а», – яздина Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха деза гIишлошъярхой шайна тIедехкинчу декхаршца тIехдика ларийна хилар. Цара лаккхарчу дикаллица а, билгалйинчу хенахь а бина берриге а белхаш.

«Коьртачу декъана иза доьзна ду Баширов Iусман шена хьалха хIиттийна декхарш жоьпаллица кхочушдеш хиларх. Цуьнга хьаьжжина ду жамIаш а. Цундела, суна даггара баркалла ала лаьа цунна. Со тешна ву белхалоша динчу гIуллакхан, кхоьллинчу бегIийлачу хьолан дархоша хьокъала боллу мах хадориг хиларх, кхузахь яьккхинчу хенах царна боккха пайда хирг хиларх. Иза иштта хилийта оха берриге а ницкъаш тIебохуьйтур бу», – дерзийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Ткъа гIишлошъярхой, шаьш дечу гIуллакхах самукъа а долуш, тIаьххьара куьг тухуш, комплексан чоьнаш а, гуонахара меттигаш а куьце ялош, къагош бу. Ишттачу белхан тIаьхье воккхавевеш бен хуьлийла а дац.

Д.ПАШАЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: