Иракан Iедалан эскарша хIокху деношкахь дIахьош ду Рамади шахьарара «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш лахкаран Iалашонца тIемаш бар. Масех дийнахь оцу гIеранаша юкъара ши-кхо бIе зуламхо хIаллаквина.
***
Нигерин къилбаседа-малхбалерчу цхьана гIаларчу базарахь «Боко Хьарам» боламан декъашхочо, ша а эккхаш, бомба эккхийтина. Оцу бохамехь ткъех стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.
***
Мисаран экс-президентана Мухьаммад Мурсина вен кхиэл кхайкхийна. Нагахь санна и кхиэл кхочушъяхь, Мисар пачхьалкх кхоллаелчахьана хилла доцург хир ду – паччахь хилларг вуьйр ву.
***
Хонкара кечамбеш ю парламентан харжамашна. ХIокху кIирандийнахь дIахьон болчу оцу харжамашкахь толам баккха герга ду «Нийсо а, кхиар а» партин гIолоцучара.
***
Швецин паччахьан доьзал а, Индин президент а тIехь хиллачу машенна тIе машен а тухуш некъан транспортан хьовзам хилла Стокгольман цхьана урамехь.
***
Чинехь хIордакема доьхна. Цу тIехь виъ бIе гергга стаг хилла. Царах кIелхьараваьккхинарг бIенга кхочуш а вац. Бисинчарах хилларг цкъачунна хууш дац.
***
ООН-н хаамашца, 2014-чу шеран апрелехь дуьйна Украинера дIавахана 2 миллион 200 эзар стаг. ТIаьхьарчу цхьана кIирнах махках ваьлла Украинин 20 эзар сов вахархо.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара даккхий герзаш диттина дукха гIаьтнаш долу 30 цIа дохийна. Къаьсттина даккхий зенаш дина Донецкан республикерчу Горловка гIалин бахархошна.
***
Москвахь стомара цхьаьнакхийтира Россин Президент В.Путин а, Словакин премьер-министр Роберт Фицо а. Цара куьйгаш яздира АПК-н декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь йолчу меморандумна.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь Россин Федерацин халкъан художникан И.Глазуновн музейхь хилира. Художникца къамел а дира, мехалчу экспонаташка а хьаьжира иза.
***
Россин Пачхьалкхан Думехь дийцаре дира мехкан налогови политикин хьокъехь долу гIуллакхаш. Депутаташна хетарехь, герггарчу деа шарахь налогаш хIинца ма-ярра йита еза.
***
ЦIеххьана пресс-конференци а йина, ФИФА-н президента Блаттер Йозефа дIахьедина ша отставке ваха сацам бина аьлла. КIира а дацара иза оцу дарже юхахаьржина.
№ 61, еара, 4 июнь, 2015 шо