Россин Федерацехь коронавирусан ун даржарна дуьхьал къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан кхеташо хилира.

Цигахь дийцаре дира Россехь керла коронавирусан ун даржарца долу хьал а, COVID-19 уьнца а, муьран цамгаршца а доьзна, могашаллаIалашъяран декъехь карарчу хенахь долуш долу хьал а.
Россин Федерацин вице-премьера куьйгалла а деш, видеоконференцин кепехь дIаяьхьира кхеташо.
Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель, COVID-19 ун даржарна дуьхьал къийсам латторехула йолчу регионан Кадечу штабан куьйгалхо Даудов Мохьмад.
«Соьца цхьаьна кхеташонехь дакъалоцуш бара COVID-19 уьнца къийсам латторехула йолчу республикин Кадечу штабан декъашхой. Нохчийн Республикехь дикка лахделла бахархошна COVID-19 хилар. Масала, цхьа бутт хьалха, 2020-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 14-чу дийнахь, COVID-19 ун хилар бакъдеш йолу тесташ, цхьана дийнахьбусий, 139 стагана елла хиллехь а, дIадаханчу дийнахьбусий оцу уьнах цомгаш хилларг 77 ву. Иза, цхьа а шеко йоцуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дIадолорца, оцу уьнна дуьхьал дIаболийначу, хьекъале вовшахтоьхначу белхан а, оцу уьнна дуьхьал дан лерина гIуллакхаш эвсаре кхочушдаран а жамI ду», – яздина цо.
Даудов Мохьмада, иштта, хаийтина, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца нийса а догIуш, регионан бахархошна еш вакцинаци хилар.
Карарчу хенахь республике деана «Спутник V» вакцинин 2 642 доза. 2021-чу шарахь республике дохьур долуш оцу вакцинин кхин а 54 эзар доза а ду.
«Таханлерчу дийнахь коронавирусан уьнна дуьхьал прививка йина и ун кхета кхерам болчу 1 500 стагана. Кхеташонан жамIашкахула, коронавирусан уьнна дуьхьал къийсам латторна тIехьажийна долу кхитIе а долу тIедахкарш дира ас COVID-19 уьнца къийсам латторехула йолчу республикин штабан декъашхошна», – билгалдаьккхина Парламентан Председатела.
I.МУРТАЗОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де