«Россети Къилбаседа Кавказ» ПАО-н белхалоша а, говзанчаша а 2020-чу шарахь 4,8 эзар километр электросерашна ремонт яран белхаш бина Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь. Дуьззина схьаэцча, оцу декъехь хилла шеран план 121 процентана кхочушйина.

Электросерашна ремонт яран уггаре а дукха болх бина Ставрополехь а, Дагестанехь а, ткъа «Чеченэнергос» Iуналла дечу меттигашкахь 515 километр электросерашна ремонт йина.
«Гуьйренан-Iаьнан муьрашкахь Къилбаседа-Кавказан федеральни округера энергокомлекс болх барна кечъяр дIадахара эпидемиологин чолхечу хьелашкахь. ХIетте а, техникин хьашташ кхочушдаран а, электросерашна ремонт яран а программа кхиамца кхочушъян аьтто баьлла. Цул сов, берриге а белхаш билгалйина хиллачу хенашкахь чекхбаьхна. Церан дикалла лакхара ю. Иза компанин хIора говзанчин хьуьнар ду. Цу тайппанчу кхиамашка бертахь, вовшех дага а довлуш, оьшучохь вовшашна гIо а деш болх бича бен кхачалуш вац. Тхан говзанчаша шайн балхахь уггаре а коьрта лору бахархошна электросерлонца кхачояран дикалла лакхара хилийтар. Шайн хьаштел мехала хета царна и гIуллакх», – билгалдаьккхира «Россети Къилбаседа Кавказ» ПАО-н генеральни директора Иванов Виталийс.
ДIадаханчу шарахь цхьаьнакхетаралло 3,5 миллиард соьмана белхаш бина. Оцу юкъа шайн къинхьегаман хазна йиллина Нохчийчуьрчу энергетикаша а. Цунна тоьшалла ду электроэнергица кхачояр республикехь тIаьхьарчу шерашкахь дикка тоделла хилар.
С.ХАМЗАТОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де