ДIадаханчу шарахь нохчийн 84 спортсменна Россин спортан мастеран цIе елла

2020-чу шарахь Нохчийн Республикехь 407 Россин спортан мастеран кандидат а, 79 Россин спортан мастер а, дуьненаюкъарчу классан 5 мастер а, 2 хьакъволу спортан мастер а кхиийна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикин физически культурехула а, спортехула а, кегийрхойн политикехула а волчу министра Кадыров Хьамзата.

Дагадоуьйту, дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзана дIадаьхьира керла вовшахтоьхначу Нохчийн Республикин физически культурехула а, спортехула а, кегийрхойн политикехула а йолчу министерствон белхахошца цхьаьнакхетар.

Оцу цхьаьнакхетарехь шаьш бинчу балхах лаьцна доклад йира Кадыров Хьамзата.

«2020-чу шарахь «Россин хьакъволу тренер» сийлаллин спортан цIе елла шина тренерна. Карарчу хенахь, Россин Федерацин цхьаьнатоьхначу командашна юкъахь ву Нохчийн Республикера 320 спортсмен», – билгалдаьккхира министра.

Цо дийцарехь, дIадаханчу шарахь 17 эзар сов стаг чекхваьлла ГТО-н норманийн тестированехула.

Цул сов, «Спорт – дахаран ламаст» регионан проектаца нийса а догIуш, 2020-чу шарахь 760 181 миллион соьмана гIишлошъяран белхаш а бина, оьшуш болу гIирсаш а эцна.

Иштта, 2020-чу шарахь «Спорт – дахаран ламаст» регионан проектан гайтамаш 100 процентана кхочушбина.

«Кегийрхойн политикин декъехь вовшахтоьхнарг а, Нохчийн Республикин кегийрхоша дакъалаьцнарг а регионан а, округан а, ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а тIегIанийн 1 034 мероприяти ю. Цигахь дакъалаьцна 132 эзар сов стага. 2020-чу шарахь республикин кегийрхоша а 64 миллион сов соьмана чекхъяьккхина социальни маьIна долу 70 проект», – дийцира Кадыров Хьамзата.

Иштта, цо хаам бира, дIадаханчу шарахь, республикехь, коронавирусан ун даьржина хиларе хьаьжна ца Iаш, Роспотребнадзоран дерриге а тIедахкарш кхочуш а деш, 2 200 стага дакъа а лоцуш, ерриге а 15 форум дIаяьхьна хиларан хьокъехь.

I.ТЕРЛОЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: