Медицинин учрежденеша болх хьалха хиллачу роже балийна

COVID-19 ун даржар алсамдаьллачу хенахь дархошна дарба лелон тойина, белхан раж, хатӀ хийцина дара дукхахйолчу больницашкахь.

Ун даржар лахдалар бахьана а хилла, Соьлжа-ГӀалин клиникин №3 а, №5 йолу больницашкахь а, Ӏ.Ханбиевн цӀарахчу №1 йолчу клиникин больницин корпусехь а COVID-19 ун даьлла дархой тӀеэцар сацийна.

Юьйцуш йолчу медицинин учрежденешкахь республикин бахархошна планови медицинин гӀо дар меттахӀоттийна.

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министран заместитела Гадаев Ӏалама дийцарехь, Нохчийн Республикехь йолчу COVIDтуьшашка кхочушболчу бахархойн барам лахбелла.

«Юккъерчу барамехь оцу туьшашка цхьана дийнахь кхочушверг 50 дархо ву. Цундела, маьнганийн фонд лахъян аьтто хилар бахьанехь, республикин медицинин учрежденеша шайн болх хьалха хиллачу роже балийна. Оцу кхаа больнице хьалха кхаьчна хилла болчу дархошна лелош долу дарба чекхдоккхур ду. ТӀедогӀучу кӀиранах дуьйна, уьне цамгарш йолу дархой тӀелацар сацор ду оцу больницашкахь», – билгалдаьккхина Ӏ.Гадаевс.

Таханлерчу дийнахь COVID уьнан дархой Республикин М.Индербиевн цӀарахчу ТIеман ветеранийн клиникин госпиталехь а, Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь а, Уьнан цамгарийн республикин клиникин туьшахь а тӀеоьцуш бу, ткъа COVID йолу бераш а, доьзалхочух болу зударий а – Е.Глинкин цӀарахчу Берийн республикин клиникин больницехь а, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу клиникин больницехь а.

№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: