Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьалхара гIулчаш

Партин лаккхарчу органийн сацамна тIе а тийжаш, СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на юкъахь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» Указ арадаьллачул тIаьхьа, дIадолийра нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн автономи меттахIоттор.

Нохч-ГIалгIайн АССР-на юкъаяхийтира: Грозненски областера Соьлжа-ГIала а, Грозненски, Гуьмсан, Каргалински, Красноармейски, Междуреченски, Надтеречни (Теркан), Новосельски, Наурски (Невран), Советски (Шуьйтан), Шелковски кIошташ; Дагестанера (цунах дIатоьхна хилла) Андалалски, Веданан, Ритлябски, Шурагатски кIошташ, БотIлихан а, ЦIумадин а кIоштийн малхбузера дакъа (ЧIебарлойн а, Шаран а кIошташ хиллачу дозанашкахь); Къилбаседа ХIирийн АССР-ра – Малгобек гIала а, гонахара меттигаш а, Коста-Хетагуровски кIошт, Правобережни кIоштан къилбаседа-малхбален дакъа (Ачалукин кIоштан хиллачу дозанашкахь).

1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитет чIагIъяран хьокъехь» долчу Указаца, юридически чIагIдира белхан ханна йолу и орган кхоллар.

Цуьнан куьйгалхо вара Гайрбеков Муслим, махках ваккхале хьалха ВКП (б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман секретаран болх бина волу.

Вовшахтохараллин Комитетан секретарь хIоттийра Комаров Михаил. Iедалан кхочушдаран лаккхарчу органан декхарш тIедехкина хиллачу оцу органна юкъавахийтира: Ф.Баранов, Е.Брыскин, А . Гагиев, Г.Дементьев, Х.Дукузов, Д.Мальсагов, Н.Петров, В.Русин, С.Струлев, К.Сулейманов, I.В.Тепсаев, В.Хозиев, У.Цутиев, А.Яковлев, М.Яндиев.

Нохчий а, гIалгIай а бохийначу хенахь шайн цIераш хийцинчу кIошташна шайн хьалха хилла цIераш юхаерзийра 1957-чу шеран чиллин (февраль) беттан 10- чу дийнахь.

Иштта, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман сацамца Новосельски кIоштах юха а ТIехьа-Мартан кIошт хилира, Шуршатских – Курчалойн, Коста-Хетагуровских – Назранан (Несаран), Андалалских – Нажи-Юьртан, Ритлябских – Сесанан, Красноармейских – Хьалха-Мартан, и.дI.кх.

Оцу шеран чиллин беттан юьххьехь дIаяьхьначу СССР-н Лакхарчу Советан ялхолгIачу сессехь а дийцаре дира махках даьхна халкъаш шайн махка юхадерзоран хьокъехь долу гIуллакх.

Цигахь билгалдаьккхира халкъаш цхьанахенна меттах а девлла, Къилбаседа Кавказехьа дIататталахь яккхий халонаш, дагахь йоцу чолхаллаш кхоллалург хилар. Цул сов, уьш дIанисбар а дара тIех хала гIуллакх.

Цундела, оцу сессехь, чIагIдира адамаш кегийчу тобанашка а доькъуш, леррина денош билгал а дохуш, новкъадаха дезаш хилар. ХIора а халкъан доккхалле (адамийн дукхалле) хьаьжина билггал хенаш хIиттийнера республикаш меттахIитто а, халкъаш цIадерзо а, дIанисдан а. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторна билгалдаьхнарш 1957–1960-гIий шераш дара.

1957-чу шеран кхолламан беттан 30-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитето а, КПСС-н обкомо а КПСС-н ЦК-н бюро яхьийтира РСФСР-н Министрийн Советан «Нохч-ГIалгIайн АССР-на гIо дарехь, тIаьхьа ца тоьттуш, дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» болчу сацаман проект.

Оцу документехь (30 агIо йолуш долчу) довзуьйтура нохчийн а, гIалгIайн а бахархой Даймахка юхабалорехь а, керлачу меттигашкахь дIанисбарехь а кхочушдан деза гIуллакхаш.

Оццу шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь РСФСР-н Министрийн Совето тIеийцира «Нохч-ГIалгIайн АССР-на гIо даран гIуллакхийн хьокъехь» болу сацам.

Пачхьалкхо сацам бира республике юхабоьрзучарна гIо дан.

1957-чу шеран оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь арабаьллачу РСФСР-н Министрийн Советан сацамца нийса а догIуш, билгалдеш дара цIенош дан хIора (я цхьана) доьзална 10 эзар соьме кхаччалц кредиташ далар, цIа чу кхелхина кхо шо даьллачул тIаьхьарчу 10 шарахь дIадаккхар. ЦIенош а, кертара кхин гIишлош а тоярна кхаа эзар соьме кхаччалц кредиташ дара луш. Тодинчу цIа чохь кхо шо даьккхинчул тIаьхьарчу кхаа шарахь кредиташ дIа а токхуш. Кредиташ луш дара даккхий даьхни эца а (бежанаш, говраш, и.дI.кх.). Бакъду, могIарерчу стагана данне а атта дацара кредиташ схьаэца, царна уьш буьззинчу барамехь схьалуш а дацара.

1958–1960-чуй шерашкахь ахча делира школаш ярна а. Йинарг 60 школа яра. Оцу школашкахь деша аьтто бара 24 440 дешархочун.

Цул сов, ши школа-интернат а, болх беш болчу кегийрхойн ши школа а, хьехархойн ши училище а, санаторно-хьуьнан ши школа а, берийн ши цIа а, 24 берийн беш а йира оцу шерашкахь. Билгалдеш дара 47 промышленни предприяти яр.

ХIусамаш яран декъехь дан леринарш а дара дукха гIуллакхаш: кхаа шарахь пачхьалкхан харжийн чоьтах 311 эзар кв. метр юкъара майда йолу хIусамаш яр дара билгалдеш.

Республика меттахIотторехь доккха гIо дора Къилбаседа Кавказерчу а, Россин кхечу республикашкарчу а, крайшкарчу а, областашкарчу а халкъаша. Юьртан бахам кхидIа а кхиоран планашца нийса а догIуш, Нохч-ГIалгIайчохь 12 совхоз а, 63 колхоз а вовшахтохаран белхаш дIаболийча, Волгаградан а, Саратовн а областаша, дохнан фермаш яйта, 3 эзар бежана а, 15 эзар уьстагI а баийтира. Цо таро елира цхьамогIа кIошташкахь даьхнилелоран гIуллакх сихха когахIотто.

1958-чу шеран кхолламан бутт тIекхочуш Казахстанера а, ГIиргIизойчуьра а цIакхаьчнарг 52 934 доьзал бара (я 201 746 стаг). Шайн цIеношкахь Iаш вара 37 960 стаг, керла динчу цIеношкахь – 15 608 стаг, кхечеран хIусамашкахь дIатарвелларг – 14 077 стаг. ЦIенош дан латтанаш деллера 2 645 стагана.

Iедало боккха тидам тIебохуьйтура дешарна, Iилманна, культурина. Хьалхалаьтташ долу декхарш хьесапе а эцна, 1957-чу шарахь республикин бюджетехь дешарна билгалдинарг 107 миллион сом ахча дара, ерриге а бюджетах 25 процент. Вуно дукха ахча ду иза цу хенахь.

Республикин Iедало халкъан дешаран органашна хьалха декхар хIоттийнера нохчийн а, гIалгIайн а доьзалшкара доьшу хан кхаьчна дерриге а бераш школе дахийтар тIедуьллуш.

Оьшуш меттигаш йолчохь кечамбаран классаш юьхьанцарчу а, ворхIшеран а, юккъерчу а школашкахь схьайоьллура. Школе даха хан йолчу 26 683 берах школехь доьшуш дара 20 918 бер.

Йоццачу хенахь вовшахтуьйхира юьхьанцарчу классийн а, нохчийн а, гIалгIайн а меттанийн а 250 хьехархо кечваран а, юхакечваран а шина беттан курсаш.

Соьлжа-ГIалин школал хьалхарчу а, хьехархойн а училищех Нохч-ГIалгIайн хьехархойн училище йира, ши отделени а еш – школин а, школал хьалхара а. 1957–1958-чуй дешаран шарахь нохчийн а, гIалгIайн а къомах волчу 150 стагана цигахь деша меттигаш а кхуллуш.

Махках дохучу хенахь юкъабаьккхина хилла болх 1957-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь юха дIаболийра нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Ленинан некъ» а, гIалгIайн маттахь арадолуш хиллачу «Сердало» а газеташа.

Иштта, республикехь арахеца долийра кIоштийн 17 газет, царах 10 газет нохчийн а, гIалгIайн а меттанашкахь дара. Юха а арахеца долийра литературин-исбаьхьаллин «Орга» (нохчийн маттахь), «Лаьмнийн Iуьйре» (гIалгIайн маттахь) альманахаш.

Оццу шеран асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь меттахIоттийра историн а, меттан а, литературин а Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институт. Цул тIаьхьарчу шерашкахь цигахь белхаш бира цIеяххана болчу Iилманчаша, яздархоша, шайн мехкан бакъболчу кIенташа, йоIарша. Царна юкъахь вара: Эльмурзаев Серажди, Мальсагов Дошлакъа, Ошаев Халид, Музаев Нурди, Мальсагова Тамара, Гойгова Зарема, Алироев ИбрахIим, Чентиева Марем, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Хасбулатов Асланбек, Манкиев Абубакар, дуккха а кхиберш.

1958-чу шеран мангалан (июль) баттахь шен неIарш юха а схьайиллира (дейтта шо даьллачул тIаьхьа) Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Ночх-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро.

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан Вовшахтохараллин Комитетан а, цуьнан Куьйгалхочо Гайрбеков Муслиман а къинхьегаман хьуьнар бахьанехь аьтто белира и гIуллакхаш дан.

Ибрагимов Муса, историн Iилманийн доктор
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: