Толаман дийне сатуьйсуш…

Немцойн фашисташа ямартлонца Советийн Союзана тIелатар дина 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь дIаболийначу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь жигара дакъалаьцна вайн махкахоша.

Цунах лаьцна тайп-тайпана дийцахь а, вайна хаа деза бакъдерг. Масала, дуьйцуш ду мостагI 1943-чу шарахь Идал (Волга) хийистера юхатоха волийна бохуш. КIорггера Iилма долуш бу аьлла хетачу историкаша наггахь тIечIагIдо и массеран багахь дисина даьлла хабар. Цхьана а кепара шеконаш хуьлийла доцуш, Идал хин йистошца кхихкина буьрса тIемаш. Доза доцу доьналла, майралла гойтуш, ЦIечу Эскаран бIаьхоша Идалал дехьа кхийсина фашисташ. Амма, баккъал дерг вай дийцича, Теркан йистера юхатоха волийна мостагI 1942-чу шеран гурахь.

Массарна хууш ду немцой ЦIечу Эскаран дуьхьалонаш хьоьшуш, 1942-чу шеран аьхка Теркан йисте схьакхаьчна хилар. Церан Iалашо Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан заводашна тIекхачар хилла. Амма Теркал сехьа мостагI валийтина вац. ЦIечу Эскаран бIаьхошца цхьаьна, немцошна дуьхьало еш, нохчий, гIалгIай, вайн махкахь дехаш хиллачу кхечу къаьмнийн векалш хилла. Верриге цхьабосса гIаьттина, 15 шарера 60 шаре кхаччалц волу стаг, къинхьегаман эскарехь (трудовая армия) хилла, саьнгарш йохуш, Теркан йистош чIагIъеш, кхидолу гIуллакхаш деш.

Инарла-лейтенант Кириченко Николай Яковлевич коьртехь волчу 4-чу Гвардин ГIалагIазкхийн дошлойн корпусо Ищерски станицехь 1942-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь Iуьйранна 6 сахьт даьлча дIайолийна вайн лаьтта тIера мостагI юхатохаран тIеман операци.

Дошлойн корпусана юкъахь алссам нохчий а, гIалгIай а хилла. Майра бIаьхо хиллачу Висаитов Саккин эскадрон хилла оцу корпусана юкъахь. Нохчийн «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор Хаджиев Ризван а хилла корпусан штабехь. Иштта кхин а дуккха а вайн махкара турпала кIентий хилла Къилбаседа Кавказ немцойх дIацIанйинчу 4-чу Гвардин ГIалагIазкхийн дошлойн корпусехь.

1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн Республикин шахьар Малгабек фашистех дIацIанйира корпусан бIаьхоша, тIаккха ХIирийн а, ГIебартойн-Балкхаройн а мехкаш мостагIех дIацIандеш Дона-тIерачу-Ростове дIакхаьчна инарла-лейтенанта Кириченко Николай Яковлевичан куьйга кIел хилла дошлойн корпус.

1943-чу шеран хьаьттан (август) беттан 30-чу дийнахь Таганрог гIала немцойн фашистех дIацIанъеш буьрса кхихкинчу тIамехь дакъалоцуш 3 000 нохчи а, гIалгIа а хилла.

Къизачу мостагIчунна дуьхьало еш, фронтан хьалхарчу зилехь лаьттачу ЦIечу эскаран бIаьхошна, йолчу таронца гIо-накъосталла дар 1941-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна дIадолийна Нохч-ГIалгIайн Республикин бахархоша. Кхин хIумма а ца хилча а, Шуьйтан кIоштан кегийрхойн дIадолорца, вайн махкарчу комсомольцаша цхьа миллион ах миллион сом ахча гулдинера Асланбек Шериповн цIарах бронепоезд яйта. Кхин масане дара уьш, толаман де гергакхачаре сатесна вайн махкахоша дина диканаш.

Ткъа Таганрог гIала мостагIех паргIатъяккхар вайн махкарчу турпалчу кIенташа жигара дакъалоцуш дIадаьхьна боху кхаъ Нохчийчу схьакхаьчча, уггаре а хьалха гIевттинарш Гуьмсан кIоштан бахархой бара, 18 пунт хьелийн даьтта, 3 центнер кемсаш, 300 пунт жижиг, 600 пунт хасстоьмаш, 1 500 гергга котаман жижиг, бIе эзар сов хIоа, иштта дуккха а кхийолу кхачанан сурсаташ бIаьхошна дIадахьийтинарш…

Шайн кхайкхамца цара йохьеяьккхира ерриге а Нохч-ГIалгIайн Республика. Вайн махкахойн цхьабарт хилла, бIаьхошна мискачу адамийн и совгIаташ дIахьажош лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIалара Азовехьа яха новкъа яьлларг 23 вагон яра жижигах, хьелин даьттанах, ялтех, хасстоьмех, хIоэх йоьттина.

Бакъду, нийса кхо буттий, кхо кIирий даьлча, «халкъан мостагIий» лерина, вайнах махках бехира Сталинан хьадалчаша 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь.

Хийрачу махка дIахьовсийра зударий, бераш, къаной. ТIамна юккъера схьабаьхна, шийлачу новкъа даьккхинчу шайн декъазчу халкъана тIаьхьахьовсийра, дера лоьмаш санна, мостагIех леташ хилла дукхахболу нохчийн турпала кIентий… Ийзош эпсарийн погонаш белшаш тIера охьайохуш, хьун хьакха дIахьовсийнарш а кIезиг бацара царна юкъахь.

Ямартчу Iедало хIуъа харцо шайна йинехь а, вайнаха хаддаза даг чохь кхобура толаман дийне болу сатийсам. Цундела Веза-Воккхачу Дала церан доIина жоп делла, толаман де а тIекхечира, дийна висинарг дай баьхначу лаьтта тIе цIавирзира 1957-чу шеран хаза еанчу бIаьста…

Иза дара собарца сатоьхначарна мерза кхаъ хилла, уггаре а хаза, сирла деана толаман де.

А.ДАЧАЕВА
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: