Э.Сулейманов клиникин №1 йолчу больницехь хилира

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министр Сулейманов Эльхан болх талларан Ӏалашонца Соьлжа-ГӀалин Ӏ.Ханбиевн цӀарахчу №1 йолчу клиникин больницехь хилира.

Больницехь республикин бахархошна деш долчу сихачу гӀоьнан дикаллина а, техникин гӀирсашца кхачо йина хиларна а реза хилира министр. Цигарчу коьртачу лоьро Лорсанов Сулеймана гайтира больницин бахам.

2019-чу шарахь адресни инвестицийн федеральни программин гурашкахь Клиникин №1 йолчу больницина керла корпус йина, ткъа 2020-чу шарахь оцу больницина оьшуш болчу кхузаманан тоьллачу медицинин техникин гӀирсашца а кхачо йина.

ХӀинца оцу больницехь лакхахь хьахийначу адресни инвестицийн федеральни программин гурашкахь дӀахӀоттийна шайна чохь оьшуш болчу гӀирсашца болх беш лапароскопин 6 стойка (4 хирургин а, 1 урологин а, 1 гинекологин а).

Цул сов, дӀатоьгуш йолу «ЛигаШу» олу 4 аппарат а, коагулятор а, ИВЛ 3 аппарат а, дархой тергонехь латторан 20 монитор а, 11 электрокардиограф а, 20 сов ультрааьзнийн мойка а, дӀасахьош йолу 15 оксигенератор а ю цигахь.

Больницехь пайдаоьцуш 2 видео-бронхоскоп, – гастроскоп, – дуоденоскоп, – колоноскоп а, фиброгастореноскоп а ю. Уьш хилар бахьанехь больницехь эндоскопин талламаш кӀорггера бан аьтто хилла. И талламаш муьлххачу хенахь бан йиш а ю.

Адресни инвестицийн федеральни программин гӀоьнца лакхадаккхаделла больницин техникин тIегӀа.

Э.Сулейманов реза хилира больницин белхан хьолана.

КхидӀа а оццу низамехь болх баре кхайкхира цо больницин куьйгалла а, коллектив в.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: