Жимачу дахарехь – боккха толам

Хьалха-Мартан кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан дешархочо Гелагаева Асията толам баьккхина Ерригроссин «Вокалан а, музыкин а кхолларалла» онлайн-конкурсехь. Иштта хаам бо Хьалха-Мартан кIоштан дешаран урхаллин пресс-службо.

Конкурсехь дакъалоцуш, Асията дIалекхна Л.Дербеневн дешнашна тIехь Е.Крылатовс мукъам баьккхина «Снежинка» йиш.

Жюрин декъашхоша цуьнан лаккхара мах хадийра, йоьIан эшарш лакхаран похIма хилар билгал а доккхуш.

Россин Серлонан министерствос а, Россин Iилманан а, лаккхарчу дешаран а министрествос а «Россин Федерацин хIокхузаманан терахьийн дешаран юкъаралло» а цхьаьна дIахьочу проектаца нийса а догIуш, Москван дешаран а, Iилманан а департаменто Корматалла лакхаяккхаран а, хьехархой юхакечбаран а институтаца цхьаьна дIаяхьна конкурс.

Оцу конкурсан коьрта Iалашо ю кхитIе а дешаран хьехархойн а, дешархойн а кхолларалле йолу дог-ойла ир-карахIоттор.

Цул сов, дешархошна шайн корматалла а, похIма а кхиорехь гIо-накъосталла дар а.

ВЕГИЕВА Макка
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: