МЧС-н белхахой берашца цхьаьнакхийтира

МЧС-н белхахоша боккха тидам тIебохуьйту, къаьсттина газан а, токан а гIирсаш дIахIитторехь лардала дезаш хиларна.

Вайна ма-хаъара, гурахь а, Iай а газан а, токан а гIирсаш дIахIиттош кхерамазаллин бакъонаш ларъеш цахиларо дуккха а дагахь боцу бохамаш, сингаттамаш бо. И саннарг ца хилийта профилактикин болх дIахьош къахьоьгуш бу МЧС-н векалш.

Цара цIеяларан, дукха хьолахь, хуьлучу бахьанех лаьцна дийцина ца Iаш, цIе яьлла меттиг нисъеллачохь уггаре а хьалха дан дезарг а гойту.

Хууш ма-хиллара, республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а МЧС-н белхахоша дIахьош ду бераш цIарах лардарна лерина цхьаьнакхетарш.

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГӀалин БойсагӀаран (Октябрски) кӀоштарчу бӀаьрса доцучу а, ледара долчу а школа-интернатерчу берашца цхьаьнакхийтира МЧС-н векалш.

Бераш цIеяларх лардалийта а, цIе яьлла бохам хилла меттиг хилахь, цигахь хIун дан деза хаийтар а коьрта Iалашо йолуш, вовшахтоьхна дара и цхьаьнакхетар.

Цул сов, белхахоша берашна дийцира муьлхачу гIирсо цIеяйарехь хIун гIо до.

Дешархойн аьтто хилира МЧС-н белхахойн технике бIаьргтоха а, цIеяларх ларбаларан бакъонаш йовза а, «огнетушитель» муха лело еза Iама а.

Иштта, боевкаш а, йовхо юхатухуш йолу костомаш а тIеюьйхина, кIеззигчу хенахь, «цIеяйархой» хила а.

Цул тӀаьхьа цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира хьехархошна а, школин белхахошна а.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна профилактикин белхаш дIахьур бу хIусамашкахь йовхо латторан мур чекхбаллалц.

МУСЛИМОВ Абу
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: