Лунах оьрсаша «косуля» олу. Когаш тӀехь лекха ду иза. Ворта еха ю, корта жима бу. Бат жима ю, лергаш шуьйра а, деха а ду. ЦӀога, халла бен ца къаьсташ, доца ду. Боьршачу лун маӀаш 3-5 га долуш ю.

ДегӀан бос аьхка цӀоьлла етталуш, хьаьрса хуьлу. Ткъа Ӏай – сиро бос хаалуш, мокха. Къоначу лун цӀока къорза хуьлу, кӀай я можа тӀедарчий а долуш.
Лу Европин юккъерчу декъехь, Кавказехь, Чоьхьарчу Кавказехь, Уралехь, Юккъерчу Азехь хуьлу. Дукха хьолахь, хьун нилха йолчохь а, цанашлахь а, тогӀешкахь а лела уьш.
Аьхка суьйранна я Ӏуьйранна дежа уьш. Къона маргӀал, гӀаш, буц а юу цара. Карийча, хьуьнан стом а буу.
Ӏаьнан хенахь коьллийн дуткъа-кӀеда гаьннаш а дуу. Ло диллинчу хенахь, когашца ло дӀа а хьоькхуш, буц а, охьадоьжна диттийн гӀа а дуу.
Ӏай дийнахь дежа лунаш. Шаьш дежачу хенахь, кест-кеста дӀасахьоьжуш, ла а дугӀуш, сема ду уьш. Царна берзалой а, чагӀалкхаш а хуьлу тебаш. Лун уггаре а кхераме мостагӀий бу уьш.
Аьхка цхьацца лела уьш. Кхийолчу хенахь, реманашца лела. Вайн республикехь, герггарчу хьесапехь, 3 000 лу ду. Дукхахдерш ламанца а долуш.
КАНТАЕВ Абу
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де