Вайн дайша саьрамсекхаца исс дарба ду баьхна. Цунах кхачанан сурсатах а, дарбанан гIирсах а санна пайдаэцна, хIинца а оьцу нохчаша. Нохчийчоьнан цхьа а юрт яц иза ца лелош, ца кхиош.

Иза дика бу доьлаш ца лазийта а, микробаш ца хилийта а. Цунах дарба хуьлу кийрахь лазарш долчарна, нIаьний долчарна, дагца лазарш долчарна. Цо шордо цIий лелаш долу пхенаш, тодо садеIар.
Саьрамсекхах шуьйра пайдаоьцу доIах лозучарна, бронхит, бронхитан астма, пневмони, астеросклероз, гипертони цамгарш йолчарна дарбанаш лелош, ткъа иштта, стоматологехь а, дерматологехь а.
Халкъан медицинехь а шуьйра пайдаоьцуш бу саьрамсекх. НIаьний долчун чуьйраш тIе (гай тIе) дохку аьтта саьрамсекхаш, тIаккха кийра (чуьйраш) нIаьнех цIанло.
Иштта, лозуш йолчу церга тIе а буьллу саьрамсекх. Нагахь санна аьтту агIор йолу церг лозуш елахь, багахь Iаьвшинчу саьрамсекхан церг аьрру куьйган пхена тIе йилла еза… 15–20 минотехь латтийча, церг лозучуьра соцур ю.
Цул сов, шелвеллачунна дарба лелош а хилла саьрамсекхан чкъоьргаш а, гIад а кхехкийна даьккхинчу муттанца – иза молуш хилла хин метта.
З.МАДАЕВА
№4, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де