Кадыров Рамзан: …Тахана ас омра кхочушдина, айса делла дош а лардина…

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Телеграмехь йолчу шен агIонехь хаам бира Бютукаев Асланан гIера хIаллакьяран хьокъехь.

«Нохчийн Республикин МВД-н Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу полицин лерринчу хьаштийн полкан бIаьхоша ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьрта йистехь кхиамца дIаяьхьира леррина операци, иза чекхъелира Бютукаев Асланан гIера хIаллакьярца. Федеральни розыскехь хилла 6 стаг вара гIерана юкъахь», – яздина Р.Кадыровс.

Дикка хан яра и операци кечйина. Иза кечъярехь дакъалоцуш, куьйгалла деш вара Кадыров Рамзан. Ткъа операци дIаяхьар тIедиллинера полкан командирана Чалаев Замидана.

«Лаккхарчу Коьртакомандующина юьххьехь дуьйна а хууш дара леррина операци дIахьош хилар. Дан дезарг хьоьхуш, цо тIедиллира операци корматаллин лакхарчу тIегIанехь, бIаьхошна эшам ца хуьлуьйтуш дIаяхьар. Операци кхиамца чекхъяьлча ас айса доклад йира Россин Федерацин Президентана В.Путинна гIера хIаллакйина хиларан хьокъехь. Владимир Владимировича тхо декъалдира леррина операци кхиамца дIаяхьарца, цо къаьсттина хастийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу полкан белхахой, гIера хIаллакьярехь шайгара говзалла а, турпалалла а гайтарна», – билгалдаьккхира вайн регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана цул тIахьа дIахьедира: «… Сан дерриге а дахаран уггаре а коьрта декхар дара иза! Халкъан а, мехкан а сийлаллин гIуллакх дара!.. Веккъа цхьана Сийлахьчу АллахIана бен ца хаьа цуьнан дуьхьа мел беза мах дIабала дезна, мел ницкъ дIабала дезна, наб ца еш маса буьйса дIаяхийта дезна! Тахана, тIаьххьара террорист вожийначул тIаьхьа суна хаало сайн белшаш тIера мел беза мохь охьабоьжна, цуьнга кхачархьама мел беха некъ бан дезна! Ас Лекхаволчуьнга доьхура сайн декхар кхочушдина валлалц, сайн денош дахдар. ХIинца, сайн хан тIекхаьчча, вала а хала дац».

Ма даггара аьлла, ма хала аьлла деза дешнаш ду уьш… Кадыров Рамзана сийлаллица кхочушдина Лаккхарчу Коьртакомандующин омра а, шен ден коша хьалха лаьтташ делла дош а. ХIетахь цо дош делира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас терроризмана дуьхьал дIаболийна тIом вайн махкара тIаьххьара шайтIа хIаллакдаллалц дIабахьа.

«ХIинца террористийн тептара тIехь цхьа а ца висина вайн регионехь. ХIаъ. Бу дера боевикаш-м, тоххарехь Нохчийчуьра дIабахана, цуьнан дозанашна геннахь – Герггарчу Малхбалехь. Амма, нагахь санна царна а, кхечарна а вайн бахархойн синтем бохо дагадагIахь, царна а хир ду изза», – дерзийна Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: