ХIокху деношкахь Россин Президента Путин Владимира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительна, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министрана Закриев ИбрахIимна совгIат дира 2-чу даржан «Даймаехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» цIе йолчу мидалца.

СовгIат дIаделира Россин Федерацин Президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Кириенко Сергейс.
«Ас даггара баркалла боху Россин Президентана В.В.Путинна Кадыровн командин векалан белхан иштта лаккхара мах хадорна. Шеко йоцуш, Закриев ИбрахIим хьакъ ву оцу совгIатана. Республика меттахIотточу чолхечу муьрехь уггаре а халачу дакъошкахь къахьегна цо, шена хьалхахIиттийначу декхаршца тIех дика лара а вора иза. Салманан ИбрахIимна, ша жоьпалле а, хьекъале а куьйгалхо хиларе терра, муьлххачу а декъехь эвсаре болх дIабахьа а, оьшуш долчу жамIашка кхача а хаьа», – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сетерчу шен агIонехь.
Цо дийцарехь, Закриев ИбрахIима кхочушдо республикин агропромышленни дакъа кхиорца доьзна долу, иштта берриге а юьртан бахамца доьзна долу гIуллакхаш.
«Со тешна ву, оцу декъехь йолу ерриге а проблемаш дIаяха а, регионан коьртачу декъех цхьаъ долчу декъан – юьртан бахаман болх керлачу а, дикачу а, сиха кхуьучу а тIегIане баккха Закриев ИбрахIиман ницкъ кхочург хиларх. Ас кхин цкъа а баркалла боху Россин Президентана Нохчийн Республикин Правительствон декъашхойн белхан лаккхара мах хадорна, иштта Салманан ИбрахIиман кхидIа а балха тIехь баккхий кхиамаш хуьлийла а лаьа суна», – яздина Кадыров Рамзана.
I.МУРТАЗОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де