Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Хаамийн а, коммуникативан технологийн а дешаран тIаьхьалонийн туш схьайиллина.

Туьшан хьехархочо Амаев Ахьмада студенташца хьалхара тренинг дIаяьхьира. Хьехархочо тренинган дакъалацархошка PowerPoint программица шайга кечъяйтира мультимедийни презентаци.
Цул тIаьхьа, церан кхачамбацарш гучу а дохуш, суьртех а, текстех а пайдаоьцуш, болх муха бан беза хьийхира.
– ХIокху заманахь дукха пайдаоьцуш ду интерактивни уьн тIехь презентацеш яр. Семинарашкахь, презентацешкахь, мероприятешкахь санна, школашкахь а пайдаоьцу царах. Цундела, оха иза тидаме а эцна, хин болу хьехархой хIинцале а кечбеш бу. Студенташа сиха схьалоцу керла хаамаш. Царна массо а хIума довза лаьа. ТIейогIучу хенахь, царах, хIокху заманан технологешца болх бан хууш, говзанчаш хир бу, – элира Хаамийн а, коммуникативан а технологийн дешаран тIаьхьалонийн туьшан куьйгалхочо Солтымурадов Хаважис.
ВЕГИЕВА Макка
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де