Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос бинчу хаамца «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь 2021-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин БойсагӀаран кӀоштахь Кронштадски урам (юкъара йохалла 3 километр ю) кхоччуш тобаран белхаш бийр бу некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а.

Оцу урамехь ю №29 йолу юкъарадешаран школа, жамаӀатан маьждиг. Иштта, кхузахула дӀасалелаш ю №18 йолчу маршрутан юкъараллин транспорт. Цундела, хӀокху урамехь дуккха а машенаш хуьлу. Цул сов, пачхьенан БойсагӀаран, Висаитовн кӀошташ хоттало кхузахь.
И бахьана долуш, Кронштадски урам тобар, Соьлжа-ГӀалин некъийн сетана къаьсттина мехала ду.
Болх дӀаболийча, бакъо а йоцуш дIахIиттийна рекламийн конструкцеш а, махлелоран комплексаш а дIа а йохуш, церан метта, юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш дохкур ду 840 метр, 99 некъан билгало а хӀоттор ю.
Дагадоуьйту, карарчу шарахь «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь, Соьлжа-ГIалин некъийн сетан, кхин а 43 урам тобийриг хилар, шайн юкъара йохалла 54,6 километр а йолуш.
КАНТАЕВ Абу
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де