Коронавирусан уьнна дуьхьал 1 765 стагана вакцинаци йина Нохчийн Республикехь. Иза йиначарна юкъахь бу медицинин, дешаран учрежденийн белхахой, эскаргIуллакххой, шайн балхаца доьзна дуккха а адамашца зIенаш йолу говзанчаш, кхиберш.

Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министерствон коьртачу эпидемиолога Муртазалиева Асета дийцарехь, республике кхаьчнарг «Спутник V» вакцинин 4 242 доза ду. Карарчу шеран чиллин (февраль) бутт чекхбалале кхин а 50 эзар сов доза ду республике кхача дезаш.
«Билгалдаккха деза вакцинех тешаш берш Нохчийчохь тIеттIа алсамбовлуш хилар. Вакцинаци еш йолчу меттигашка хIора дийнахь телефонаш етта вайн бахархоша. Цара хоьтту республике вакцина маца кхочур ю, рогIе дIаязвала аьтто буй, бохуш. Иштта хоьтту вакцинаци яро могашаллина цхьана а тайпа Iаткъам бой, иза кхераме юй бохуш. Делахь а, дукхахберш COVID–19-на дуьхьал вакцинаци яйта лууш хуьлу. Тхан говзанчаша кхеттош жоьпаш ло бахархойн дерриге а хаттаршна», – элира А.Муртазалиевас.
Цо, иштта, тидам тIебахийтира коронавирусан уьнна дуьхьал вакцинаци яр ца ловш берш а хила тарлуш хиларна. Хила ма хуьлу маха ца ловш берш. Амма вакцина янне а кхераме яц. Наггахь волчун кIеззигчу ханна дагар хила я маха тоьхна меттиг лозуш хьал хила тарло.
«Вакцинаци йинчул тIаьхьа суна сайна а хааделира дагар хилар – 37 градусал кIеззиг лакхара дара иза. Яйн хорша а еара. Делахь а иза сихха дIаделира, цхьана а тайпа молханех пайдаэца а ца безаш. Тхоьгахь болчу хаамашца прививка йиначарах цхьаьннан а могашалла гал ца яьлла, могашаллина цо вон тIеIаткъам бар ца хааделла», – чIагIдира министерствон коьртачу эпидемиолога.
Керлачу коронавирусан уьнна дуьхьал вакцинаци яран 20 туш ю вайн регионехь. Уьш ю ерриге а кIоштийн больницашкахь а, гIалийн поликлиникашкахь а.
COVID–19-х ларвала лууш волчу республикин вахархочун аьтто бу ша Iаш волчу меттигерчу поликлиникехь я больницехь пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран порталехула я Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министерствон порталехула вакцинаци ярна дIаязвала а, шен рагI тIекхаьчча вакцинаци яйта а.
Хь.САИДОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де