Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш дуккха а социальни объекташ ю. Церан могӀарехь ю ТӀехьа-МартантӀехь «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин «Стимул» подпрограммин проектан гурашкахь еш йолу керла школа а.

Бух а, арара а, чуьра а пенаш а доьттина девлла. Карарчу хенахь чуьра белхаш дӀахьош бу. ХӀоттийначу планаца дика ларош бу белхалой.
Керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду. ХIора класс, предмете хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина хир ю, иштта школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачанан чоь а, йоккха спорт зал а йийр ю.
Билгалдаккха догӀу, уьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а йийр ю цигахь.
Школа бахархойн хӀусамашна уллехь еш хиларо, хӀинццалц уьш вовшашна генгенахь хиларца доьзна хилла халонаш дIайохур ю.
Цул сов, къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьал а» программин «Стимул» подпрограммин проектаца догӀуш а ду иза, бахархойн хӀусамашна гена йоццуш социальни объекташ яр.
А.АБУЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де