Юьртабахаман совдегаралла

«Жима а, юккъера а совдегаралла кхиор» программин «Волалуш волу фермер» подпрограмма кхочуш а еш, совдегаршна гранташ ю луш: латталелорехь, даьхнийлелорехь, иштта, жалелорехь.

Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон Курчалойн кӀоштахь волчу векала Боршаев Бадруддис дийцарехь, «Волалуш волу фермер» подпрограммин гурашкахь леррина гранташ хилар бахьана долуш, 2020-чу шарахь 30 белхан меттиг кхоьллина Курчалойн кIоштахь.

Иштта, оцу декъехь къахьоьгучу совдегарийн дIадолораш кIезиг хилар а, цаьргахь финансийн говзалла цахилар а тидаме а оьцуш, республикин кхочушдаран Iедало массо а агIор гIо-накъосталла до и проекташ кхочушъярехь – латта даларца, бизнес-планаш хIитторца, республикин а, меттигерчу а тIегIанашкарчу кхочушдаран органаша проекташ кхочушйина йовллалц, терго латторца.

Цул сов, хIора а проект кхочушъярна тIехь терго а, Iуналла а латто декхарийлахь бина векалш – кхочушдаран органийн белхахой.

Делахь-хIета, таханлерчу дийнахь хала дац шен гуллакх дӀадоло.

А.МУСЛИМОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: