Некъашкара хьал кхул тIаьхьа а тергонехь латтор ду

Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанехь некъан-транспортан бохамийн хьокъехь дуьйцуш ток-шоун кепехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара НР-н Правительствон председателан нуьцкъаллин блокехула волу заместитель, Некъашкахь бохамаш хилар лахдарехула йолчу кадечу штабан куьйгалхо Висмурадов Абузайд, НР-н Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхаллин хьаькам Черхигов Идрис, НР-н культурин министр Дааев Хож-Бауди, НР-н муфтин наиб Хабзиев Iаьрби.

Висмурадов Абузайда дийцира Некъашкахь бохамаш хилар лахдарехула йолчу кадечу штабан балхах лаьцна. Цо билгалдаьккхира оцу декъехь долу хьал толуш хилар.

– Кадечу штабан белхан жамIаш дан цкъачунна хьалхе ду. Республикин ерриге а кIошташкахь профилактикин болх дIабахьа беза вай. Хьалхо штабо боккха болх дIабаьхьна, кIад ца луш, кхидIа а къахьоьгур ду вай, некъашкара хьал дикачу агIор тодан хьовсур ду. Оцу декъехь къахьоьгуш ю Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалла, кадечу штабо царна массо а агIор гIо-накъосталла до. Тхайн белхан юьххьехь тхан дуьххьарлера проблема – иза, дуьхьалбогIучу новкъа буьйлуш болу, некъан билгалонаш а, светофораш а тергал ца еш болу водительш бара. Иштта, кIезиг проблемаш ца хуьлура магийна доцчухула некъал дехьабовлучу гIашлошца йоьзна а. Дерриге а доьзна ду адамех шайх а, уьш кхетаме хиларх а. Карарчу хенахь, кхин чолхенаш а йоцуш, дIабоьдуш бу болх, толуш ду некъашкахь долу хьал, – элира А.Висмурадовс.

Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хож-Баудина хетарехь, некъашкахь хуьлуш болу берриге а бохамаш машенна урхалла даран культура лахара хилар бахьанехь хуьлуш бу. Оцу юкъахь новкъахь машен лелоран культура хилла ца Iаш, адамийн оьздангалла а хила езаш ю.

Дукха хьолахь, цхьаболчу нехан оьздангаллех болу кхетам нийса цахиларна а, гонахарчу адамашца церан ларам цахиларна а хуьлуш бу некъан-транспортан бохамаш.

Черхигов Идриса дийцира Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин урхалло дIадаханчу 2020-чу шарахь бинчу белхан жамIех лаьцна.

– 2020-чу шарахь, цул хьалхарчу шерашца дуьстича, хьал дуккха а чолхе дара. Оха бовзуьйтуш болчу статистикин гайтамашка хьаьжча гуш ду иза иштта хилла хилар. Цуьнан бахьанех цхьаъ ду некъашкахь дIасалелачу автомашенийн барам алсамбалар. Вайна ца хаьа 2021-чу шарахь хиндерг, бакъду, дIадаханчу шарахь, коронавирусан уьнца доьзна бина болу бехкамаш бахьанехь, чIагIйинчу рожехь бира оха болх. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра дIадаханчу шарахь тхан урхалло бинчу белхан. КхидIа а къахьоьгур ду оха, хIокху шарахь а республикин Куьйгалхочо белла тешам ларбан а хьовсур ду, – билгалдаьккхира Черхигов Идриса.

Нохчийн Республикин муфтин наиба Хабзиев Iаьрбис некъан-транспортан бохамашкахь кхелхинчарна а, Деле гечдар а, лазийначарна а маршалла дар а доьхуш, доIа а дина, ерзийра программа.

Нохчийн Республикехь 2020-чу шарахь 233 некъан-транспортан бохам хилла, оцу бохамашкахь кхелхина 101 стаг, 310 стаг лазийна.

Царах 19 некъан бохам кхиазхой а юкъахь а болуш хилла, 12 бер кхелхина.

I.МУРТАЗОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: