Дааев Хож-Баудис – шеран Ӏалашонех

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис карарчу шеран белхан Ӏалашонех лаьцна дуьйцуш кхеташо дӀаяьхьира министерствехь.

Кхеташонехь цо бовзийтира министерствон аппаратехь хилла хийцамаш. Иштта, министерствон отделийн керла хьаькамаш а бовзуьйтуш, царна хьалха лаьттачу белхан декхарех лаьцна а дийцира.

Къоман «Культура» проект кхочушъеш къаьсттинчу тидамехь латто езачу федеральни а, регионан а программех лаьцна а дийцира Х-Б.Дааевс.

«Регионан культурин хьаьрма кхиорехь, къахьоьгуш болчарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриге а хьелаш кхоьллина. Культурин белхахойн говзалла лакхаяккхарна а, царна шаьш кхочушбечу белхан мах, жоьпалла хоуьйтуш а, керла ечу культурин-садаӀаран объекташна яккхий харжаш еш а гӀо деш Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу фонд а ю», – бохура министра.

Нохчийн Республикин культурин хьаьрмахь доккха маьӀна лелош йолчу «Синмехаллаш» проектах лаьцна а дийцира кхеташонехь.

Кегийрхой нохчийн гӀиллакх-оьздангаллица кхиоран программин мехала дакъа иза хилар а хьахийра.

Кхолламан (январь) бутт чекхабалале, кхаж тесна къастон дезар ду 2021-чу шарахь оцу проектехь дакъалоцурдолчеран рагӀ. Конкурсан бехкамашца, культурин белхахойн, бакъо яц оцу проектан дакъалацархойн могӀарехь хила.

Дааев Хож-Баудис «Синмехаллаш» конкурс дӀаяхьарна жоьпалле болчарна тӀедиллира конкурсан номинацеш билгалъяхар а, церан хьокъехь керла хӀума юкъадало лууш делахь, и довзийтар а.

«Синмехаллаш» конкурсехь довзийта дезарг тӀекхуьу чкъор ийманехь кхетошкхиор долу нохчийн къоман уггаре а хаза гӀиллакхаш а, ламасташ а ду. Иза конкурсан коьрта лехам а бу. ХӀора дакъалацархочо ларъян еза мехаллаш а уьш ю», – чекхдаьккхира шен къамел Культурин министра.

З.ЦОНТАРОЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 23-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: